Дели,  шайт1и  бехке  дой  зуламхой  к1елхьара  боху  вай!

Мухадин Шамаев

Б1арг боцург, куьг доцург, ког боцург, къора верг  аса вуьийцу, ецахь а цаьрга праваш…

Бийца воллу со борзо бинарш машен тареш кеманах болу адский шофераш, елахь а, яцахь а, праваш…

Некъа низам, неха  бакъо ца йовзаш, мелла а, малаза а,бахна сфетофораш х1ундахиттинаца  хууш…

Царна а билла бехк бац ала вай х1ора дийнахь юртарашкара машенаш столицехь халарна гуллуш….

Массо а хуьлу цхьацца бахьанаш лоьхуш бехказа вала г1ерт аш эхь-бехк шайн дайшкахь дац моттийтуш…

Цера нахьа хуьлду царна т1их1уттуш, кхерамаш туьйссуш, «къасто» шайна воьвзаш верг валош…

Шен новкъа воьдар вуьш. Дала дина, цо яздина хилла, кхин хан ца хилла олуш ду дерзош…

Ишта  олураш а бовлу – шайт1ане дайтина, цо корта хьровзина,  шайтнаш а м аду шайн болх беш…

Доцца аьлчи, шофераш дечу зулмашна бехке Дела во, шайт1а до, зулман дай бу толош…

Диканиг  дийриг ду ма аьлла, дина децахь а, дино оли Малайкаша хилчи д1аяздеш,

Вониг динчуллт1аьхь а бема д1а яздеш ца  хилчи-дохко валаре са туьссуш –

Гуча ма  йолу вай харцо, вай 1ессала, вай къизалла, ца хилар кхета г1ерташ…

Харцонца баькхина толам бац, цок хин а бокхох болу бала бахьаш ду вайна гуш,

Цара бала латта бо шайн доьзалшкахь а , къомана а, уьш совцош ца хилахь ду дуьне къахьлуш…

Къамаьлашци, моттарг1нашци бусмулбанаш дув ай, амма дац харц-бакъ, хьарам-хьанал къастош,

Ваьш атта хиларна эхалуш, моттаделла вайна Дела а ву эхалуш, цуьна собар кхаче г1ерташ.

Нах гулбой, дехараш дой  стаг вуьту, бежин а д1а ца оьцу, олу Дела дуьхьа ву вуьтуш…

Ца хууш стаг вехь бя1 кеги эмкалш, хууш вехь бя1 яккхи йолу эмкалш –

Шар1о т1идожийна ду бехк болчо такха езаш, ша вийна чуьна ду це 1уналла дан дезаш,

И кхочуш  деш  делахь,  зулма деш верг, цуьна нах хила мегара зулма ца дан г1ерташ.

Примечани: кхузза  аьлла адами а, машени плотность ю Соьлжа-Г1алахь, ярташкахь бан болх боцуш, х1ора денна юрташкара магшенаш схьа оьху шей г1улкхашна. Цундела авареш алсам хуьлу. Юрташкахь дахар ден дичи, цигара машенаш совцург ера, авареш а лахлург ера. Иштта хета суна.

Соьлжа-Г1ала, 23.11.19 шо.