Наурбаев Мусхаб

  Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина

Сан кьам ду хьийзoш са детта бакьо яц,
Бераллехь дуьйна  со харцо  езна вац,
Зуламхойн тобанца гергарло дезна дац,
Нийсо кьуьйсучохь сайн дахар кхоор дац!

Болатан хьайн амал мостаг1че гойтуш,
Хьайн деган лаам цаьрга д1а хозуьйтуш,
Мохь тухуш ахьа дина къонахчун къамел,
Нохчо мел веха цкъа а дицлур дац!

Нохчийн байракх  лекха ахьа айбина,
Цуьнан сий лардеш   са а ца кхоийна,
Т1аьхьарчу т1аьхьенна масала дитина,
Нохчийн ц1е ларьян некь тхуна гайтина!

Дахаран хьан некъаш карла а дохуш,
Даимна даздийр ду хьо вина де!
Тхайгарчу маршонах баркалла бохуш,
Ярташна тохкур ю хьан  Сийлахь Ц1е!

              Бераллийн х1усам

Да, нана 1ийначу юьртарачу х1усамехь
Тийналла х1оьттина, хезаш дац аьзнаш.
Нана хьоь кхойкхуш, дас ден хьехараш,
Хазаре сатуьсуш лела  со кертахь.

Бераллийн доттаг1ий — кертара дитташ,
Схьа хьоьжуш хета ца воьвзаш санна,
Шайн-шайн ц1ерашца х1оранна т1е воьдуш,
Сих-сиха ца варна кхинт1ера дохуш.

Бераллийн безамна уьш мара кьуьйлуш,
Шуьца долу гергарло хедар дац бохуш,
Жималлийн уьйраш ца хедор доьхуш,
Дехар деш лаьтта  со яьссачу кертахь.

Ма чаккхе йоцуш хилла шу б1аьрахиш,
Мел дукха вилхача а ойлане вохуш,
Ден, ненан сибаташ хьайна чохь гойтуш,
Бераллийн  ков-керт карла а йохуш.

       Нана- лаьтте долу сан  вескет

Х1ора а чурте  лерина  хьоьжуш,
‌Сан кошан латта  ойланехь лоьхуш,
Т1е вахна цуьнга дехар  дан лууш,
Баьккхи аса тахана кешнашкахь го.

Вицвелла леллехь  а  дуьнено 1ехийна,
Хьан кийра вог1ур вуй ца хууш санна.
Таханам со лаьтта  г1айг1ане ваьлла,
Б1аьрхиш ца совцуш,  ала дош доцуш.

Готтачу лахьтичу,  бодане х1усаме,
Со хьуна вог1ур  ву  дуьненах кьаьстина,
Упхана к1еллахь, декьачу лаьттахь,
Ахьа мара кьовлуш дог1ур ду де.

Х1ай нана-латта,  кьинт1ера далахьа,
Дахарехь хьо лазош баьккхинехь ког,
Кхоьллинчу вайн Деле доггаха вехахьа,
Хьайн кийрахь парг1ат витар со дехахьа.

           Ненан сурт

Пенах кхозучу  хьан сурте хьаьжча,
Вуьгу со ойлано бералле д1а,
Куьг лаьцна   лелийначу  бераллийн новкьа.
Мацах со левзинчу жималлийн уьйт1а.

Сан Нана ца хилар коьртера доле,
Бераллийн зама  карла а йоле,
Караво воьде со ирсечу муьре
Нана, хьо яьхначу  мерзачу х1усаме!

Суна са гатдеш ахьа йина ойланаш,
Деле со воьхуш  мел дина до1анаш,
Ма дукха хир ду уьш ца хууш суна,
Хьан деган къайленехь дисина Нана!

Сих-сиха хьоьжу со сайн ненан сурте ,
Цкьа  воьде  г1ийла узам беш воьлхуш,
Чаккхе а йоцуш хир долчу эхартахь,
Тхо цхьаьна хилийтар Деле а доьхуш.

Кьоламца д1а язйеш ц1е йоца елахь,
Хьан ц1еран йозаллин доза дац хьуна!
Ялсамане яккхьа ша лууш волчунна,
Хьан когашкахь лаха аьлла ду хьуна!