НАЗМА
1.
Бусулба динца йоцу пхьа гоба хиллера
Маккахь шайн духарци, леларци къаьсташ,
Ахьа геч дийр дуй-те тхан къиношна бохуш
Деле кхойкхуш, стигла хьоьжуш,
Дехалаш даггара олуш цхьа тамашина аз хезна,
гуш стаг воцуш бара уьш цецбуьйлуш…
Стиглахь нур къегира царна юкъе серло тухуш,
цара элира: «Дела ву тхан доӀанна жоп луш».
2.
Геннахь хезаш дара цара тоба деш шахӀадат далош, шаьш бусулба дин тӀиици бохуш,
Шаьш бусулбанаш ду бохучарелла а чӀогӀах динца хуьлу дин тӀиэцнарш и бу тамаш…
Бусулба дин ду даьржаш, амма ду и дуткълуш: йеш ю дуьхьлонаш, кхуллуш ю тобанаш, лелош ю харцонаш…
Яздина ду дуьненчохь цхьа бусулба дин дуьссур ду тӀахьарчу Мухьаммад ПайхӀмара долуш.
3
Адами, Хьавай — Дай, Нани долуш тайп-тайпана къаьмнаш ду дуьненчохь даьржаш,
Мухьаммад-пайхӀамара аьлла: «ВорхӀ шо кхаччалца долу массера а бераш ду маликаш».
Ша балош болу бала ца балош, бена бала ловш хуьлда адамаш-собар долуш, кхетам болуш,
Дуьненчохь Дала аьтто беш хилча, эхартахь декъала деш хилча хила дезара динца!
Мухадин Шамаев