ХАРЦ-БАКЪ, ХЬАНАЛ-ХЬАРАМ КЪАСТОШ ДАЦАХЬ — ЭРНА ДУ ДОӀАНАШ.

/НАЗМА/
1.
Хастам бу Далла вайна юккъехь баккхий нах болуш
Шайца ийман, беркат хиларна дан дозалла долуш.
Уьш ларар, церан сийдар дино ду парз дина тӀедожош.
Ирсе хилар, къахета дезар ду цаьрца цхьана догӀуш.
2.
Ма дуьсийла къахета стаг воцуш, оьшучохь гlo ца хуьлуш,
Атта ма дац лела Ӏазраиль малайк шена тебаш долуш,
Суна-м сайх а къахета хиларна къаналлин мур хьош,
Лакхене кхийдаш вац хиларна сайна сай дегӀ доьвзуш…
3.
Кеманаш дохош, тайпанаш, вирданаш къастош чим туьйсуш лаьлларш
ГӀора довш, къарлуш, бӏарзлуш, вицлуш, кхетам лахлуш, хилар дицлуш ,
Тхьамдалла дезаш — эхь доцуш, яхь йоцуш лела нах кхардош,
ХӀума хуучаргара пайда ца оьцуш, цаьрца хьагӀ-гамо лелош.
4.
Тезеташкахь а уьш бац совцуш радио санна лекхалуш…
Нахана вас еш самукъа долуш,совцо стаг ца волуш;
Суьлхьанаш гойтуш лелош, царах наггахь пӀелг тухуш…
МЕККИ, МЕДНИ дукха оьхуш, цигахь ГУМ, ЦУМ ю моьттуш…
5.
Духарций, хабаршций ваьш хьестош, Ӏехош, Ӏехалуш, Дела а Ӏехо гӀерташ,
By бахарах бусулба хуьлуш вац, вацахь хила гӀерташ къа хьоьгуш,
Дела ву даге хьоьжуш, вай ду Цуьнан собар кхачо гӀерташ — тоба ца деш,
Вай, Дин, Ӏадат хуьлийла тай-махий санна барт болуш цхьана догӀуш…

Мухадин Шамаев

Декабрь, 2018 г.