Со воллу нена мотт бего-ц1анбархьама.

/дагчуьра араялла матте ялла поэма/

Мухадин Шамаев

1.

Нена кийрахь долушшехь бера дагах хоттало нена мотт. Мотт лебан долалуш хьалхара дош НАНА хуьлуш…

Даго кост до хьекъале, цо олу мотте бийццалахь нена мотт. Кхелханчу нена нур хила мега хьалха х1оттош…

Дог санна ларбан безара  ненан мотт. Цхьаволчо-ма дог а дац лардеш, ахча доккхушдагна хало еш…

Буьйцуш болу мотти, езан мотти уьш бац, охьари олуш беш бу къестамаш…

Диалект ю цакхеттала гуш…

2.

Моттаца болу безам ч1аг1бан г1ерташ мел лехарах керла дош, НАНА олу штра дош бема дац суна карош,

Дин санна нана язе ш цхьа а дош а, адам а карор дац. Ненаца дика воцург ялсмане чохь хир вац гуш…

Бекхам а бу хуьлуш, шен доьзалхо дуьхьал а волуш. Мел хала хиларах НАНА ма ю берана къинт1ера йолуш,

Нена мотт ца хууш берашш к1езга дац, цера ц1ераш а хуьлу къомаци, динци ца  йог1уш, хаза хетта дош ц1и хуьлуш.

3.

Деш 1ибадат доцуш, г1ебат деш самукъа долуш, неха сингаттам ловзар хеташ, адмалла йоцуш волчуьна мотт белара соцуш

Ненах «мам» олуш, дех «папа» олуш даьржана юьрташкахь а, г1алашкахь санна.

Уьш, вуьш а буи за магдеш, куралла а еш,

Шена воьвзаш верг велчи, уггара а хьалхох дагадог1у цо дина долу диканиг а, вониг а и ду цигахь карош…

Матто еш йолу чов йоьрзуш яц ду олуш, мотт беха, хъекъал доцо а ду олуш. Аза а, важа а ма делара доьвзуш…

4.

Пхьар мотт буьцуш волчуьна бос мажло, к1еда-маьрза дош олуш бос хила нур лепаш, нахана йовхо яхьаш…

Зама бехке еш, бехк берг бакъвеш хуьлуш ду. Зама-м лам санна лаьтташ ю, харц малейша ала мотт боцуш…

Цхьаболу белларш дийна а болуш санна хетало, цхьаберш дийна боллушехь белла ду хеталуш,

Даймохках  ду олуш НАНАМОХК. И ларбеш хийла к1енташа д1аделла синош-нена накха шайна хьанал беш…

5.

Нани, нена мотти, къамми, Даймохки Сулиманов Ахьмадан «Цхьа-ши дош» олучу поэми чу а хилла тарлуш…

Ненаци, моттаци, къомаци, Даймохкаци, езачу йо1е боьду безамми торт хилла х1уттийла нахана марзо йокъуш…

Х1аг1-гамо, къизалла къахьлуш, хьанал-хьарам, харц-бакъ къастош, барт болуш хуьлда къамнаш дехаш,

Бераш а долушмар велчи, зуда еллар мар висчи цера бема х1усам яц юхуш, елахь а гергарчаьрга тезет цалалуш…

6.

1ума Дуев, Шейх Мансур, Асланбек Шерипов, Шамсуддин Айсханов, Саид Бадуев, Абдурахман Авторханов, Салавди Гугаев, Зиявди Мальсагов, Ханпаша Нурадилов, Мовлади Висаитов, Сакка Висаитов, Халид Ошаев, 1абдул-Бакъи Джамо, Мохьмад Мамакаев, 1арби Мамакаев, Шима Окуев, Зайнди Джамалханов, Ваха Татаев, Муслим Гайрбеков, Шейхи Арсанукаев, Абузар Айдамирв, Мохьмад-Салахь Гадаев, Хаан Мехтиев, 1абдул-Хьамид Хамидов, Мохьмад Музаев, Шах1ид Рашидов,Ахмат Кадыров – уьш хилла къоме к1енти, корматалла, доьналла гойтуш к1оргера кхетам болу, уьш хуьлийла дац бицлуш.

Нена мотт бекар лууш, ловзар хоттош, НАНИ, ДАДИ халхадокхуш, уьш жималле дуьгуш, дог нийсонна луш, ву поэма ерзош.

Соьлжа-Г1ала, Июнь баттахь, 2020 шо.

 

/1953-2020 шераш/

Леш болучу сан доттаг1аша со вуьш ма лаьтта

Мовсар Яхъяев, Хьамзат Межидов, Абу-Мусли Уциев, Эльмарз Ульбиев, Усман Салгириев, Мох1мад-Тах1ир Бекбулатов, Шима Окуев, Сайд-Али Амхатов, Арби Сагаипов, Ахьмад Никаев, Ахьяд Мальцагов, Лема Бараханов, Магомед Музаев, Ахмад Сулейманов, Халид Ошаев, Хасан Мехтиев, Ибрах1им Саидов, Хож-Ахмад Берсанов, Барон Киндаров, Мохьмад Алидибиров, Шарпудди Ахмадов, Мохьмад Юсупов, Умар-Али Вахаев, Дахьа Магомедов, Лечи Умхаев, Салман Керимов, Ширвани Вахабов,  Магомед Аюбов, Жунид Масаев, Абдул-Хьамид Мизаев, Мохьмад Тимаев, Шамхан Закриев, Хасан Дадаев, Ахъяд Хакимов, 1адлан Темирханов, Супьян Магомадов.

Аллах1-Дала! 1азза-Важалла! ША декъала деш долу синош 1алашдечу ворх лохчу стигларчу ЖАННАТУЛ-МААВА  олучу метте шун а, тхан а синош 1алаш дойла  Къемата Дийнахь… ДАЛА ША царна ялсмани ня1арш схьаеллург ю аьлла хиларна. Велларг велла  вац и марзонца наха хьехо велахь, цаьргара  масалла оьцуш  делахь, гергарачара а, доттаг1аша а, дозалла деш делахь. Со ву шуна баркалла олуш, аша сайца лелм=ийна долу г1иллакх диц цалуш, х1ара байт шуьца болчу лерамо язейтуш: шу нахана а, сайна а, дагчу  ч1аг1беш…

1.

Шу дукха а, хилла и сан дозалла ду; дог жима ду и шорлуш ду, шу моссо а чутарван г1ерташ…

Дог, машенан моторах тардо, сотор ехчи машен соцуш ю, мотор-м хийца таро ю елуш,

Дог ма дац хийцалуш, лаза далахь  аатта толуш а, шун тезеташа чоьвнаш еш лаза доьвлуш,

Сел докха  долу дуьне ду суна жимлуш шуй, гергара нах боллушехь леш, доллушехь 1алам сайна алсам дуьссуш…

2.

Ша жима  доллушехь, жимачу моторо сацош елу еккха машен санна, мел онданиг а даго ву вожош…

Сан дог т1улг ма бац, сан баьргаш чохь хьорда ма бац, велхар дац, хих дузуш децахь баьргаш,

Дуккха а, вилхина ч1аг1вала г1ерташ воллу, сайн хеной, заманой, лазарой, халоной ву къела вуьтуш…

Со вуьссуш воллу барма кешнашка бахьа а, доттаг1 воцуш, цигахь суна дан дог1у тешалла делаш…

3.

Шух къастар лан атта дац, шуна со везаш вера, кхечарна а, везийта г1ерташ бахьанаш ду лелош,

Сайгара г1о оьшуш имлла а, вог1ахь цунна далуш долу г1о де шву, амма дац цхьа баркалла олуш,

Текхарги багара ша якхинчунна, баркалла олуш пхьид а хилчи, нах  хила безара хам беш…

Шена дика динчуна а, дац адамаш баркалла алалуш, цу наха дика дан дог ца дайтуш дукха ю меттигаш…

4.

Цера баркалле ца хьожуш Делера ял хиларе сатуьйсуш неха г1уллакхашна лела со г1еллуш, хало а ловш,

Цундела сайн тезетахь, Деле сун геч дар доьхуш нах гуллург бу, сингаттам бу сан тезет неха керта хьош,

Ца ляаркха нахи бахийта къанваллалца ваьхчи а, тезет  х1отто  ков-каьрт доцуш хилла со  1еш…

Хьарам-хьанал, харц-бакъ къасто чунна хьал-бахам хуьлийла дац, наггахь чуьна и хила а ду мегаш…

5.

Нахе хаьттича, воккхох верг хьалхох леш хил везара, дика ду и рог1 лелор вайги, 1едали керахь доцуш,

Цулла а, халох ду, ца оьшу ойланаш хьекъале тергалла ца ейтуш толам бокхуш-ш1айта эшош,

Цицигашна хууш ду шаьш маца лийрг ду, цундела ц1а дитиш дала гена довлу шаьш лелийна чарна сингаттам лахбеш.

6.

Хьалхарчу заманчохь нахана хууш хилла шаьш лан долу хан, царна и сингаттам хилла даимна дагахь лаьтташ,

Дала шена бема хууш доцучу 1екъане даькхина 1ожалли рог1 лелор и къайле цхъанне а, яц хууш,

Цхьа  долчу къаьмни бяр дичи халонга долуш ду, цо такха безаш болу бали, вала дезарри шайна гуш,

Царна стаг велчи дика хета, иза бала текхна вели олуш, цера берийна гергарчара 1уналла деш.

7.

Цхьа зама кхочург ю дуьненчохь бусулба дин доцург кхин дин доцуш и хаа хууш ю еш дина дуьхлонаш,

Даьржана ду дуненчохь кхечу динчура нах бусулба дине боьрзуш, дин ч1ог1а а лелош, Делах кхоьруш,

Дика нах дуккха а, хиларна, Дала ца дохош лаьтташ ду дуьне, амма неха 1есал ла ю ч1ог1а яржаш,

Бена бала лан собар долуш, ша балош болу бала ца бало хьекъал долуш, бертахь къаьмниш дахар ву лууш.

Соьлжа-Гй1ала, 16-17. 01.2020 лог1 шо