
*
Из цикла «Чтобы помнили».
*
КАДЫРОВ АХЬМАД
Дарже хьакь воцуш нислуш стаг а хуьлу. Даржана хьакь волуш, амма цига нсвала аьтто боцуш (я Дала язина доцуш) стаг а хуьлу. И хьалхарнаш а, шолг1анаш а шортта бу дуьненахь. Амма, дарже хила хьакь а волуш, Дала цига кхача кхаж нисбеш волу стаг наггахь бен ца волу — б1ешарахь наггахь. Б1ешарахь наггахь нислучарех вара Кадыров Ахьмад.
Иза политик вацара, 1едалан белхашка г1иртина стаг а вацара. Амма иза политика юккье а, 1едалан балха юккье а г1оьртира. Ша ийцира цо шена т1е жоьпалла. Цхьаьнгга а хоьттуш ца оьцу кьонахчо шена т1е мехкан мохь.
Цхьацца хабарш а дара, шеконаш а. Амма цунна хууш хилла, ша мила ву а, мел ву а. Кьонахчунна шена хаьа гуттар а шен бакьболу мах, шен нийят а девза, ша стенна гуьнахь ву а хаьа…
Кьомана дешан там лоьхуш вацара иза, т1аьхьало йолу некь лоьхуш вара.
Цуьнан майралла а, доьналла а кхайкхош дацара, лелош дара. Цуьнан кхиэл ч1ире яцара, кьинт1ераволуш яра. Вийна д1аваьккхинчул, ваша вина, улло озийнарг везаш вара иза.
Муьлхачу аг1ор вели и ямартло йинарг? Я х1ун бен ду и х1инца, х1ун бен ву?! Шех пхьа боллуш велахь а, наха т1е куьг дахьа декхар долуш стаг вацара иза. Иза дуьненан меха кьонах вара. Дала, оьшучу сохьтехь, оьшшучу меттехь нисвина. Дала б1ешарахь цхьаь я шиь нисво иштта. Дуьне башха т1аьхьало а ца лерина Дала, кьонахийн меттиг Дала эхартахь нисйина… Шен езчу ялсаманица.
Аллах1 Дала шах1идийн макамехь нисйойла Ахьмадан эхартан х1усам.
Цуьнан шен х1умма а ца дайна: иза, шен нийятна хьанал вуьсуш, чекхвели.
Ахьмад майра дог долуш стаг вара. Кхеравелла, озавелла, юхавервоцуш, майра вара. Кьоман дахарехь цкьа аширлур доцуш дехаш ду Ахьмада дина г1уллакхаш.
Даггара лаьа, кхиамаша корта ца хьовзош, вовшийн лардан хууш, вешан нохчаллин — бусалбаллин шед баста ца болуьйтуш, лула-кулахь болчаьрца вежараллин г1иллакх лардан хууш, кху маьршачу новкьа д1адаха Дала пурба лойла вайна.
Дала декьалвойла Ахьмад-Хьаьжа!
Дуьне мел лаьтта, абаде-абада даллалц беха уьш — кьонахий, г1азотан ох1ланаш!
*
Лорсанукаев Увайс.
