Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо рогӀера дика болх бина — Буммат йуьртарчу 3 доьзална керла хӀусамаш йина цо.

Царна йина и хӀусамаш дӀайаларан болх Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 72 шо кхачарна леринчу даздарийн гурашкарахь дӀабаьхьна.

Керлачу хӀусамашкахь шийлачу а, довхачу а хица, токаца, газаца кхачо йу, чоьнаш йу тойина.

#72_А_Кадыров@zovzemli095