Оханан 25-г1а де – Нохчийн меттан де

 Лараме Хаамийн гӀирсийн куьйгалхой, журналисташ, «Вести республики» газетан доттагӀий, дешархой, Нохчийн меттан хьехархой, Ӏилманчаш, йаздархой, нохчийн маттаца, меттан йозанца гӀуллакх мел долу махкахой!

Нохчийн Республикин «Вести республики» газетан белхахоша даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Лаьа вайн Нохчийчоь шен мотт, шен меттан йоза денна кхуьуш, ойла, синкхетам ненан маттахь болуш, хӀара дуьне мел лаьтта йехийла.

Тахана вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дерриг а дина иза иштта хилийта. Ткъа вайн керахь дерг и Везачу Дала вайна делла совгӀат лардар, Ӏалашдар.

 

https://vesti095.ru/2025/04/ohanan-25-g1a-de-nohchijn-mettan-de-2/