Хьоза
Хьоза ду лардеш сан кор,
Ду иза сан деган лор.
Лоькху цо гlайгlане йиш,
Бlаьргаш чу диссадеш хиш.
Буьйсанна догlу и схьа,
Ца дуьжуш корехь до ха.
Леррина туьдуш сан гlан,
Хетало йоккхуш цо хан.
Ангалих туху цо зlок.
Йоьхкича ас берцан lов,
Дlадолу тхойшиннан дов.
Сирникел буткъа бу ког,
Суьлхьанан буьртигал — дог,
Амма дlабаржийча тlам,
Там бара цо баккха лам.
Автор: Шаипова Хьава Асламбековна

