Лераме Махкахой, хьоме Йижарий, Вежарий!

Сийлахьчу АллахI-Дала къобалдойла вайн марханаш, лайна хало а, хьегна къа а Дала меле дуьллийла! Дала тIейогIучу массо а ханна кхаба а, даста а ницкъ, хьуьнар а, могшалла а, иман а лойла вайна. Везачу АллахI-Дала бусалбачу нахана хазахетарца луш болу лераме Мархийн бутт санна, хаза доуьтийла хIора де а. Дала вовше дезар, дог лазар а лойла вайна.

Дала хIара мархийн бутт бахьана долуш, Ялсаманчохь Iер-дахар лойла вайна. И Веза Дела дукхавезна, Цу Далла дукхадезначу тобанах дойла вай!

Соьлжа-гIалин муниципальни кIоштан глава Магомедмерзоев М.С.