Заманца цхьаьна вогIуш… (Кацаев Сайд-Хьасанан 60 шо кхачарна лерина)

Цхьа а шеко йоцуш, ша схьаваьллачу нохчийн къоман гIайгIанаш, баланаш, сингаттамаш хаддаза ойланех хьерчаш болчу йаздархойх цхьаъ ву Кацаев Сайд-Хьасан. Цхьа дош а, цIархазмана йаздина ца хуьлу цуьнан. ХIора дош а, йазбина могIа а йешархо ойлане воккхуш, йозанашкахь далхочунна декъаийзош, халкъан кхолламо хIиттийначу хеттаршна жоп лоьхуш ду. Цундела атта ду Кацаев Сайд-Хьасанан говзарш йеша а, царех кхета а. Ненан мотт цIеначу даггара безачех, цуьнан сий-ларам бечарех ву вайн турпалхо. Цуьнан дукхахйолу говзарш а йу ненан маттахь йазйина. Нохчийн халкъан дахаран хIуо хаало цуьнан йозанашкахь. Йуьртахь вина, кхиъна хиларе терра, йаздархочунна Iаламат дика девза цигара хьал. Иза данне дац Кацаев Сайд-Хьасанан кхолларалла йуьртарчу дахаран зоьпаршна йукъахь йоллу бохург. Йаздархочун кхетам а, цуьнан дуьнене хьежар а йист йоцуш шуьйра, генна аналлел дехьа кхийдаш ду. Нохчийн меттан йийсархо, дешан говзанча, похIме журналист, йаздархо тахана шех ала хьакъдолуш, гIеметта хIоьттина стаг ву Кацаев Сайд-Хьасан.

Курчалой-Эвлахь вехачу Кацаев Абзун доьзалехь 1966-чу шеран мангалан беттан 11-чу дийнахь дуьненчу ваьлла ву Сайд-Хьасан. Йуьртахь а, генна дозанал арахьа а бевзаш хилла бу вайн турпалхочун дай. БIешерашкахь къинхетамза вайн махкахь кхихкинчу тIемашкахь дакъалаьцна бу уьш, маршонехьа къуьйсуш, мостагIчух дай баьхна латта лардеш. Сайд-Хьасанан да – Абзу а ву Нохчийчохь советийн Iедал дIахIоттош жигара дакъалаьцна, Шерипов Асланбек коьртехь хиллачу нохчийн «ЦIечу Эскаран» бIаьхо хилла а, нохчийн йарташ йохош, йагош а хиллачу Деникинан, Бичераховн а эскаршна дуьхьал тIом бина а ву, иштта цо дакъалаьцна Соьлжа-ГIалахь хиллачу бIедийнан а, Цоци-Эвла йоккхуш хиллачу а тIемашкахь. Цу заманахь, и буьрса кхихкина тIемаш дIабирзича, Курчалой-Эвлахь колхоз йуьллуш, цуьнан куьйгаллехь хилла, тIаккха йуьртда лаьттина, дукха нахана гIуллакх дина ву иза. Амма маршонан цIарах даьккхина Iедал нахана зуламе даладоьлча, балхара шен лаамехь дIа а ваьлла, йохк-эцарца рицкъ лохуш, хьаналчу къинхьегамца доьзална напха латтийна ву Сайд-Хьасанан да.

Схьайаларан орамаш Шелара Iабдуллин Эпендин цIийнах долуш йу Кацаев Сайд-Хьасанан нана ПетIамат. Цуьнан дай вайн махкахь бусулба дин даржош, марздеш, кхиош а Iеламнах хилла. ПетIаматан деда Муьсла бецашца дарба лелош а, Нохчийчоьнан массо маьIIехь вевзаш а хилла, цо лелийначух дарба хуьлуш хилла. Цхьайттазза хьаж дина, пхиъ мотт хууш хилла ПетIаматан да Шиса.

1944-чу шеран чиллин баттахь Сталинан хьадалчаша нохчий а, гIалгIай а махках баьхна, генарчу Сибарех Iазап токхучу муьрехь девзина, цхьанакхетта, дахаран некъанакъостий хилла ду Абзу а, ПетIамат а. Пхи кIант а, ши йоI а – беркате доьзал хилла церан. 1957-чу шарахь хийрачу махкара вайнах цIабоьрзуш, дай баьхначу Курчалой-Эвла цIавирзира Абзу. КIоштарчу кхачанан комбинате балха хIоьттира иза. Ков-кертара дезарш деш а, доьзална тIехь сема Iуналла деш а цIахь йара доьзалан нана. Доьзалехь уггар жиманиг волу Сайд-Хьасан, ненаца марзо алсам эцна вара. Мелла а ишколехь дешна йара ПетIамат. Оьрсийн классикийн байташ нохчийн маттахь дагахь хаьара цунна, дика йевзара нохчийн халкъан барта кхолларалла а. Кест-кеста шен берашна туьйранаш дуьйцура цо, вайн къоман турпаллаллин иллеш а дуьйцура. Ненан туьйранашка ладоьгIуш тесна хила тарло Кацаев Сайд-Хьасанан дагчохь литературе болчу безаман ховха зIийдиг.

Курчалой-Эвлахь дIадахана Кацаев Сайд-Хьасанан аьрха бералла. Нийсархошца ловзар а хилла, йукъ-кара буй-тIара йар а нисделла. Бакъду, аганара воьссичхьана харцо йезаш ца хилла Сайд-Хьасан, и шена тосайеллачохь, къарвалар доцуш, хьаьнцца а къовсаме волуш а хилла. Дукха жимачохь дуьйна хьекъале а, хьуьнаре а кIант хилла иза.

1973-чу шарахь вахана Кацаев Сайд-Хьасан Курчалой-Эвларчу №1 йолчу ишколан хьалхарчу классе деша. Элпаш вовшахтуьйсуш шена еша 1еминчул т1аьхьа, йуьртарчу берийн библиотеке дIавазло иза. Йуьхьанца цо доьшурш нохчийн а, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а туьйранаш хиллехь, воккха хила воьлча синкIоме киншкаш йешар а дIадолийра цо: Гайсултанов Iумаран «Болатан-гIала йожар», «Александр Чеченский», Ошаев Халидан «Алун шераш», Мамакаев Мохьмадан «Зеламха», Арсанов СаьIид-Бейн «Маца девза доттагIала», нохчийн литературин бухбиллархо волчу Бадуев СаIидан дийцарш, повесташ а. Нохчийн къоман йаздархойн говзарш вай йагарйар данне дац, Кацаев Сайд-Хьасана кхечу къомах болчу йаздархойн говзарш ца йоьшура бохург. Йоьшура дера цо-м, советийн ишколашкарчу массо а дешархоша санна, Пушкинан, Некрасовн, Л. Толстойн, Н. Островскийн, Горькийн, К. Чуковскийн, Н. Носовн, иштта кхечу пачхьалкхийн йаздархойн – Дюман, М. Твенан, Ж. Вернан, Стивенсонан, Киплинган, кхечеран а говзарш. Делахь а, нохчийн матте болу безам ненан шурица цIийх а, сих а дIаийна вара вайн турпалхо. Къаьсттана дукхайезара цунна Арсанукаев Шайхин кхолларала. Поэтан «Нохчийн мотт» цIе йолу байт-м цо дукха хазахеташ, дагахь Iамийра. Ишколехь кест-кеста хуьлучу тайп-тайпанчу кхолларалин суьйренашкахь а йоьшура Кацаев Сайд-Хьасана вайна массарна дукхайеза и башха байт.

 

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьо винчу ненан мотт дIатесна ахь.

«Сов къен бу дешнашна,

                              бац атта кхеташ»,

Бохуш, и сийсаз бан ца хета иэхь.

ЛадогIал, цкъа соьга «хьекъале корта»

ЛадогIал, йаккхий дIа лергара потт:

Йист йоцу хIорд санна, бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,

МостагIче вист хуьлуш ду ира герз.

Хьомечу йезаре безам ахь буьйцуш,

Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!..

 

1983-чу шарахь Курчалой-Эвлара йуккъера ишкол кхиамца чекхйаьккхина ваьлча, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша вахара Кацаев Сайд-Хьасан. Цуьнан Iалашо нохчийн маттах долу шен хаарш тIедузар йара. Ала догIу, цу тIехь цуьнан дика кайаьлла хилар а. Лаккхарчу дешаран кхерча дIатасаваларал сов, цуьнан кхин цхьа ирс хиллера, Сайд-Хьасанца цхьана курсехь доьшуш вара хьунаре а, хIара санна цIеначу даггара нохчийн мотт безаш а волу жима стаг. Цуьнан цIе йара Цуруев Шарип, тIаьхьо похIме байташ йазйарца гIаравер ву иза. Тахана-м Цуруев Шарип Нохчийн Республикин халкъан поэт ву. КхидIа а билгалдаккха луур дара, ненан меттан йийсархой, цIарна цIе йахана хьехархой бара хIорш Iамош. Практикин дарсаш дIахьош филологин Iилманийн кандидат Саламова Раиса йара, лекцеш йоьшуш филологин Iилманийн доктор, профессор Тимаев Ваха вара. Хаддаза йукъараIойлехь хуьлуш а, студенташца уьйр-марзо латтош а, къона хьехархой, нохчийн литературин, фольклоран а говзанчаш Джамбеков ШаIрани, Минкаилов Эльбрус а вара. Цул сов, дешна бевллехь а, университетаца, студенташца а долу верасалла дIацатасалуш, царах хьерчаш къона йаздархой, поэташ а бара. Уьш бара: Абдулаев Леча, Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Бисултанов Апти, иштта кхиберш. Шайн беркатечу цхьаьнакхетаршкахь нохчийн мотт, нохчийн йаздархой, церан говзарш йийцина ца Iаш, цара кест-кеста кечйой дIахьора нохчийн йаздархойн къанойх цхьаъ кхойкхий, церан кхоллараллин суьйренаш. Iаламат самукъане а, шайх алссам пайда болуш а хуьлура и тайпа суьйренаш. Нохчийн йаздархойн къаной дуккха а бохамаш а, халонаш а лайна, шаьш схьабевллачу къоман истори кIорггера йевзаш бара. Царах дукхахберш нохчийн халкъан тешаме воIарий бара, шайн сил дукха Нохчийчоь а, нохчийн къам а дезаш. Оьшучохь, кийрара схьадаьккхина мерза са дIадала а кийча бара уьш, нохчийн къоман зовкх дебийта. Шайн нохчийн халкъе болчу безаман шовкъ, йаздархойн маьIнечу къамелаша къоначу чкъуран синпхенашка дIакхачайора, цIийх дIаиэйора. Шайна хьал-бахам лехар доцуш, бакъболу къонахий бара, ХХ-чу бIешеран 70-чу а, 80-чу а шерашкахь хилла нохчийн йаздархойн къаной. Эчигах йаьккхина гериг хуьлий, эсехь дуьсура цара аьлла хIора дош, дог-ойла диканна гIаттайора цара, нохчаллех къилба дан Iамавора, нохчийн къоман турпалчу селхенах дозалла дойтура, зовкхечу кханенах тешадора.  

Иштта беркатечу хьелашкахь студенчески шераш дIадаханчу Кацаев Сайд-Хьасанан бакъо йацара вуон йаздархо хила. Цхьа а шеко йоцуш, университетехь кхачам боллуш тIедуза аьтто хилира цуьнан ненан меттан хаарш. Амма 3 курс йаьккхинчул тIаьхьа, могуш воцуш а хилла, заочно вала дийзира. Жимачу стагна хала дара уьйр-марзо тасайеллачу накъостех, хьехархойх а къаста. Йуьртарчу школа-интернате оьрсийн меттан, литературин а хьехархочун дарже балха вахара иза. Нохчийчохь дуккха а школашкахь санна, нохчийн мотт программи йукъабогIуш а бацара интернатехь. Сайд-Хьасан, директорца, завучца а бартбина, берашна нохчийн маттахь йеша Iамо вуьйлира. Дешархоша хазахетарца тIеийцира и дIадолор. Шен мукъа хан йерриг а книгаш йоьшуш, дийцарш йаздеш а йоккхура къоначу хьехархочо, аьтто баьлча шен доттагIий болчу гIала а воьдуш…  

1988-чу шарахь Кацаев Сайд-Хьасана кхиамца чекхйаьккхира университет. 1989-чу шарахь иза балха кхайкхира историн, экономикин, социологин, филологин а Iилман-талламан институте, нохч-гIалгIайн фольклоран, литературин а декъе. Алапа кIезга хилар, гIалахь чохь Iе хIусам цахилар а ца гора къоначу йаздархочунна. Коьртаниг – кхиболу белхаш беш, шен хан ца йойуш, йеша а, йаздан а таро йара. Хиндерг сирла гора. Халкъан дуьхьа къахьега лаарх буьзна бара кийра. Сайд-Хьасанна ша декхар хетара, хIора нохчичун цIарах шен къоман кхолламах йаздан. Къона, могуш а вара… Шен заманан массо а некъ биллина бара цунна хьалха, амма цо хаьржинарг цхьа некъ бара – йаздар…

1990-чу шарахь, ша юххера вевзаш мел верг цецвоккхуш, эскаре воьду Сайд-Хьасан. Цу хенахь цхьа ламаст дара нохчийн схьадохьуш, ша-ша эскарехь волуш лелийнарг дуьйцуш. Дюман романашкарчу турпалхойн леламаш санна, синкIоме, кегийрахойн дог-ойла ойуш хуьлура и дийцарш. Лоьраша шена бакъо йелча, эскаре вахар хаьржира Iилманан, литературин а кIоргенашка кхийдаш волчу Сайд-Хьасана а. Гинарг бен ца йаздечех волу, шен дийцарийн тематика шорйан а лаьара цунна. Воронежехь лаьтташ дара цо бIаьхаллин некъаш гездина советийн эскаран дакъа. Нийса хир дацара вайн къоначу махкахочун цIа са ца гатлора аьлча а. Делахь а, бераллехь дуьйна нуьцкъалчу амалехь кхиийна Сайд-Хьасан доьналлица чекхвелира, цкъа а атта ца хиллачу салтичун чолхечу дахаран зерех.

Кхин цхьа хIума дара суна билгалдаккха лууш. Кацаев Сайд-Хьасан эскаре гIуллакх дан цхьана пачхьалкхера дIавахнера. Амма цо эскарехь даьккхинчу цхьана шарахь Iаламат дукха хIума хийцаделлера советийн адамийн дахарехь. Доха карзахдаьллачу федеральни Iедало йоккхачу пачхьалкхан массо а маьIIехь малйинера низаман урх. Хабарехьа бевллера Кремлера хьаькамаш, хийцайеллера партеш, гIалин цIераш, адамийн амалш. Герз эвхьаза даьккхинера. Мискачу адамийн сагатдар алсамдолуш дара де-дийне даларца. Бутт батте балале хийцамийн мох-хIуо Нохч-ГIалгIайн Республике схьакхечира… Иштта цхьа тамашийна кегарий бара Нохчийчохь 1991-чу шарахь, эскарехь гIуллакх дина ваьлла, Кацаев Сайд-Хьасан цIавирзича. Нохчийчохь дукха партеш кхоллайеллера. Церан баьччанех хIораа, декъазчу нохчийн халкъан дуьхьа араваьлла хилар чIагIдеш а, къаьсттана ша бакълуьйш хеташ а вара. Цхьамма аьтто агIор ийзавора, вукхо аьрру агIор кхойкхура, хIора баьчча а ша йуьхьарлаьцна некъ нийса хеташ а, кайаьллачохь, катоха ларош а вара. Адам хьере дара: коьртехь – дохк, дагчохь – бода. Оцу кIуркIаманехь нийсачу некъах кхета хала дара.

Кхоллараллин атмосфере сатесна волу Кацаев Сайд-Хьасан балха аравелира Нохчийн Республикин гуманитарни Iилманийн институте. (Цо хьалха болх бина Iилман-талламан институт йара и, цIе хийцина.) Нохчийчохь Iедал хийцаделира. Мох-хIуо дорце дерзале аьлла, катоьхнна гIалгIай дIакъаьстира вайх, 55 шарахь, цхьа а кхолар йоцуш, бертахь ца Iийча санна. Керлачу Iедале баьхкинчийн дуьйцуш долу хабарш даккхий а, лакхарчу тIегIанехь а хиллехь а, заманан йохалла гучуделира нохчийн мотт, литература, истори цкъачунна дагайогIуш махкахь стаг цахилар. Iедалан архаш зуламхойн карайаханера, белхахошна луш алапа дацара, ур-аттала къаношна дIакхачош пенсеш а…

Доьзалехь жимахверг вара аьлла, дан дезачунна цкъа а петоьхна вацара Кацаев Сайд-Хьасан. Дена а, нанна а оьшучунна ша кхоор волуш-м муххале а. Школехь доьшуш волуш дуьйна, университет йаьккхинчул тIаьхьа а, шен баккхийчу вежаршца гIишлошйаран декъехь белхаш бора цо Нохчийчохь а, Россин тайп-тайпанчу регионашкахь а.

1992-чу шарахь Москва М. Горькийн цIарахчу Дуьненан литературин институте аспирантуре хьажийра Сайд-Хьасан. Иза Москвахь а волуш, цIеххьана галдаьллачу социале-экономикин хьоло аьтто бохийра цуьнан деша. Гиперинфляцино бIенаш проценташ дайдира ахча. Массо а хIуманан мехаш тIома девллера, беттан алапах дийнахь цкъа хIума йаалора кафе чохь.

Москвара цIавирзинчул тIаьхьа тайп-тайпана белхаш бира цо, «Даймохк», «Васт» газеташкахь, Соьлжа-ГIалин администрацехь, Кхерамазаллин департаментехь, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а. Нохчийн литература, къоман гIиллакх-оьздангалла а хьоьхуш вара къона хьехархо университетехь. Студенташна хазахетара Кацаевн лекцешка ладоьгIуш. Нохчийн йаздархойн дахар, кхолларалла, къоман гIиллакхаш, ламасташ а хIинццалц ца хиъначу кепара кIорггера довзара царна.

Хала хан йара и нохчийн къоман дахарехь, амма тIебеанчу къизачу тIамо йицйира и халонаш…

ТIом дIабаьлча Курчалойн кIоштарчу дешаран декъан куьйгалхочун дарже хIоттийра Кацаев Сайд-Хьасан. Шена дукхабезачу балхах, накъостех а ца къасталуш, йуха а университетехь лекцеш йоьшуш вара иза.

Бакъду, мичхьа балхахь хиларх, шен дахаран коьрта Iалашо йицйеш вацара Кацаев Сайд-Хьасан. ХХ-гIий–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрах шена хетарг, гинарг, лайнарг, говзачу маттан исбаьхьаллица варкъ доккхуш, йешархойн кхиэле диллира цо, 2003-чу шарахь арайаьллачу «Бодашкахь» цIе йолчу киншки тIехь. Иштта, шина тIамна йуккъехь арайаьлла нохчийн похIмечу йаздархочун Кацаев Сайд-Хьасанан дийцарийн гуларш «Iаьнан суьйре» (1997 шо), «Йаздархочун школа» а (1998 шо). Цара гойту хIоьттинчу хьолана йаздархо цIенчу даггара сагатдеш хилар а, иза синтем байна, лехамашкахь хилар а, хаддаза кхоллараллин кхиарехь шена тIехь болх беш хилар а.

Мел йеха буьйса а цкъа мацца чекхйолу, маьлхан зIаьнаршца дуьне хьостуш Iуьйре а гучуйолу. Иштта, мел чIогIа бахбелла хиллехь а, Нохчийчохь буьрса кхихкина тIемаш дIабирзира, хьалха Дела, шолгIа Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо (Дала гIазот къобал дойла цуьнан!) Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь. Бакъволчу къонахчун хьекъал, хьуьнар, доьналла тоьира Нохчийчоь машаречу новкъа йаккха. Шайн болх дIаболийра больницаша, ишколаша, берийн бошмаша. 2002-чу шарахь дуьйна йухаметтахIиттар дIадолийра Нохчийн Республикин зорбанан шуьйрачу хаамийн гIирсаша. Оьрсийн маттахь арадолуш хилла «Вайнах» журнал йухаметтахIоттийна, кога дахийтинчарех цхьаъ ву Кацаев Сайд-Хьасан. Коьртачу редакторан заместителан даржехь болх беш вара иза цу чолхечу муьрехь. Вацара, хьаькам ву ша бохуш сапаргIатдаьккхина, кофе муьйлуш Iаш-м. Даима а болх беш, йаздеш вара.

2003-чу шарахь «Вайнах» журналан агIонаш тIехь арайаьллачу вайн турпалхочун «Йаздархо а, тIом а» эссех Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан йаздархочо Айдамиров Абузара йаздора:

«Сайд-Хьасан, Делера салам-маршалла хуьлда хьуна, «Вайнах» журнала тIера «Йаздархо а, тIом а» цIе йолу хьан статья йийшира ас. Доггах йазйина иза. Майрра, халкъах дог лозуш, хьекъале. И ду ас вайн йаздархошкара лоьхург. Талант йолуш Iилманчаш, поэташ, йаздархой, молланаш, кхин, кхин а нах хуьлу. Амма церан талантан а, церан стихийн, романийн, Iилманан белхийн а ши капек мах бац, нагахь санна уьш шен халкъана тIе бохам беъча, цунах дог лозуш, цуьнгахьа гIо доккхуш бакъдерг олуш, иза бохамех кIелхьарадаккха шен ницкъ кхочург деш бацахь.

ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь зийна вайн интеллигенци. Сан даго лоьхурш Iаламат кIезиг гучубевлла…

Сайд-Хьасан, ахь хьайн дош аьлла. ХIинца хьан бакъо йу, оцу вайн дукхахболчу накъостийн санна, безамах, Iаламах лаьцна, хIокху тIамах лаьцна кхин дош ца олуш, кхидерг хIуъу йаздан а.

Дала аьтто бойла хьан.

Маршаллица, Абузар».

Кацаев Сайд-Хьасанан йозанаш халкъана, махкана девза-м дукха хан йара. ХХ-чу бIешеран чаккхенехь, шех ала хастаме дош долуш, кхиъна вогIуш йаздархо вара вайн турпалхо. Цо цхьабосса дика йаздора берашна, баккхийчарна, кIорггера ненан мотт хаар а, нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллех дерг довзар а хаалора цуьнан дийцаршкахь. Зорбане вийлар хала нисделлехь а, дукха хьалхе йозанашка кхийда ваьлла, кхиъна вогIуш дуьйна похIмица, хьуьнарца къаьсташ хилла жима стаг. Иза Курчалой-Эвларчу №1 йолчу ишколан 5-чу классан дешархо вара, шена хазделларг а, синкIоме хеттарг а дIайаздан кисанахь блокнот, къолам лелочу хенахь. Бераллехь дуьйна цунна чIогIа хазахетара Молла-Несартах долу дийцарш, уьш гулдар а, дIайаздар а ламасте дерзийнера кIанта. ТIаьхьо оцу дийцарийн гулар зорбане йоккхур йу цо. ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь дуьйна къоначу йаздархойн гуларшкахь зорбане дуьйлуш ду Кацаев Сайд-Хьасанан дийцарш.Уьш йара «БIаьргашчохь малх», «Шерийн гунан когашкара», иштта кхийолу а нохчийн прозин гуларш. ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь дуьххьара берийн «СтелаIад» журналлехь зорбане ваьлчахьана, «Орга», «Вайнах» а журналийн, «Даймохк» газетан а агIонаш тIехь зорбане вуьйлуш ву Кацаев Сайд-Хьасан. Йешархоша лаккхара мах хадош а, самукъадаларца тIелоцуш а йу цуьнан говзарш. Цунна къеггина тоьшалла ду 2004-чу шарахь арайаьлла «Молла-Несартах лаьцна дийцарш» цIе йолу киншка. Мерза кхаъ хилира цунах халкъан забарш йезаш, лоруш болчарна. БIешераш ду и самукъане турпалхо вайн халкъан барта кхоллараллехь веха, вайна цуьнан забарийн хабарш дукхадеза. Мел вийцарх, цкъа а кIордор воцчу турпалхойх цхьаъ ву Молла-Несарт. Цунах долу нохчийн халкъан дийцарш зорбане дерзорна, къаьсттана баркалла ала догIу Сайд-Хьасанна.

2004-чу шарахь дуьйна Курчалойн кIоштан «Машар» газетан коьрта редактор ву Кацаев Сайд-Хьасан. Вайна массарна хууш ма-хиллара Курчалойн кIошт керла кхоьллина йу. Цундела кIоштан газетан зеделларг доцуш, ур-аттала лард йоцуш, чхо йаккхарна тIера дIадолон дезаш хилира вайн турпалхо. Газет кхолларан гIуллакх аттачарех дац. Цхьана стаге газет ца дало. Лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш говзанчаш оьшу газетехь болх бан, и кхолла-м муххале а. Бакъду, Кацаев Сайд-Хьасан лара-м вира шена тIедиллинчу декхарца. Дукха хан йалале, кхечу кIошташкарчу газеташка нисделла, корматаллин тIегIане даьлла, дIадахара «Машар» газет, вайн турпалхочун хьанал къинхьегам а, дозадоцу хьуьнар а бахьанехь. Цул сов, ХХI-чу бIешеран йуьххьехь кест-кеста дIахьош хиллачу журналистийн конкурсашкахь хьалхара меттигаш йохура «Машар» газетан агIонаш тIехь зорбане йуьйлучу материалаша. Журналистийн конкурсашкахь йаьхна йуьсуш йацара и хаьлхара меттигаш. Муьлхха а кхиам а толамхочунна дегахьаам беш белахь а, толамашка сатесна болх беш вацара Кацаев Сайд-Хьасан. Корматаллин лаккхарчу тIегIанехь, йоццачу хенахь и болх дIахIоттон хьуьнар, говзалла хилира цуьнгахь, йаздархо хилла ца Iаш, тоьллачу журналистийн могIарехь ша хиларх газетдешархой тешош.

Курчалой цхьа шатайпа, вайн массарна хьоме кIошт йу, вайх хIораннан шеца къаьсттана лерам болуш. Иза ларамза дац. Цу кIоштара вара, уггар а деэшначу муьрехь нохчийн халкъ шен турпалчу букъа тIехьа лаьцна Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн къам ца дезачу мостагIийн кайаьлла, къизачу бохамехь Ахьмад-Хьаьжа вожийча, цуьнан карара гIазотан байракх кхин а лаккха хьала айъина, таханлерчу зовкхе вай кхачийна Мехка-Да, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а цу кIоштара ву. Цуьнан ойла йина хир йу аьлла хета Курчалой кIоштан куьйгалхоша газетан цIе хуьйцуш. 2020-гIа шо тIекхаччалц газетан цIе «Машар» хиллехь, 2020-чу шеран кхолламан баттахь дуьйна «Родина героя» йу газетан цIе. И цIе цунна йогIуш йу аьлла хета, «Машар» цIе ледара ца хиллехь а. Газетан цIе хийцинехь а, редактор, шен меттехь болх беш ву.

Журналистико мел дукха хан дIалацахь а, цхьа де а ца долуьйту Кацаев Сайд-Хьасана йаздархочун болх ца беш. 2012-чу шарахь дара Соьлжа-ГIаларчу «Грозненский Рабочий» типографехь цуьнан гулдинчу йозанийн хьалхара том арайаьлча. Цу йукъа йахара авторан хьалха арайаьлла йиъ киншка а, Кацаев Сайд-Хьасанан кхолларалех лаьцна Iилманчаша, критикаша йазйина статьяш а. Авторх доьзна доцчу бахьанашца шолгIа киншка арайалаза йисира, вайн турпалхочун кхолларала йезаш а, лоруш а болчара мел чIогIа сагатдахь а.

2023-чу шарахь оьрсийн маттахь арайелира Кацаев Сайд-Хьасанан мелла а тIейуьзна «Бодашкахь» цIе йолу дийцарийн а, миниатюрийн а гулар. Вайн махкара тоьлла гочдархой бара йаздархочун говзарш оьрсийн матте йаьхнарш. Уьш бара: Ия Николаенко, Жумалаева Лула, Гайтукаев Асланбек, Ибрагимов Мухтар, иштта кхиберш. КIезиг дацара царна йукъахь Кацаев Сайд-Хьасана ша гочдина дийцарш а. Уьш теш хIуьттура вайн турпалхочунна ненан мотт санна кIорггера оьрсийн мотт а хууш хиларна. Цхьа а шеко йац нохчийн къоман литература цIе йолчу хьаьрмахь Кацаев Сайд-Хьасанан говзарш махбоцу беркат хилла дIахIиттина хиларан. Автор схьаваьллачу халкъан садеIар хаало цуьнан дийцаршкахь. Дукха хьолахь уьш дикане, адамалле, къонахалле, дай баьхна латта дезаре кхойкхуш ду. Цара синкхачанах дузу йешархойн дегнаш, нохчи кхолларх дозалла дойту, халкъан дуьхьа ваха, ваца лаам кхуллуш, дог-ойла айаме йоккху.

Цундела кхоллараллин союзаша лаккхара маххадийра Кацаев Сайд-Хьасана бечу белхан. Вайн махкахь дIайаьхьначу тайп-тайпанчу конкурсашкахь масийттаза хьалхара меттигаш йаьхна цуьнан дийцарша, статьяша а, «тIамна дуьхьал тоьлла дийцар», «тIамна дуьхьал тоьлла статья», «нохчийн меттан хазалла» номинацешкахь. Йаздархочун совгIаташна йукъахь йу А.П. Чеховн мидал, «М.А. Мамакаев» («Дашо аьрзу») орден а. Нохчийн Республикин хьакъволу журналист ву иза. 2013-чу шарахь Нохчийн Республикин Интеллектуальни центран «Дато бухIа» аьллачу премин лауреат хилира Кацаев. Дийцарийн, миниатюрийн а «Бодашкахь» аьлла йолу гулар оьрсийн маттахь арайаьлча, Кацаевн цIе республикал арахьа а йевзира. 2024-чу шарахь Башкирехь, Дуьненайукъарчу киншкийн ярмаркин гурашкахь, дIайаьхьначу «Урал-Батыран махкахь шеран киншка» аьллачу конкурсехь, авторна шена хууш доцуш, жюрино III даржан Диплом делира Кацаев Сайд-Хьасанан киншкина.

Кху деношкахь 60 шо кхаьчна нохчийн похIмечу йаздархочун Кацаев Сайд-Хьасанан. Вайн турпалхо санна волчу къонахчунна гIеметтахIутту хан йу иза. Кхоллараллин шовкъ эвсаре йолу хан йу. Нохчийн къоман литературе ша веъчахьана заманца цхьана гIулчаш йохуш схьавогIу и доьналлех вуьззина волу хьуьнаре йаздархо. Нохчалла, къонахалла йу Кацаев Сайд-Хьасанан синбIаьвнаш. Шен йешархой а кхойкху йаздархочо цу беркатечу лакхенашка. Сица цIинбалар, кхетам серлабаккхар, кхиамийн лакхенашка кхачар сийлалла хиларх кхетабо цо шен йешархой. Ша схьаваьллачу халкъан хазахетаршца, халахетаршца, лазамашца, кхиамашца вехаш, къоман кхане зовкхе хила лууш, цIеначу даггара къахьоьгуш схьавогIуш ву иза, похIмечу говзаршца заманан лехамашна жоп луш. Шен йозанашца йешархойн ойланаш а цу хорша йерзо ницкъ кхочу йаздархочун. Цундела мехала а, хьоме а йу вайх хIоранна Кацаев Сайд-Хьасанан кхолларалла. Цхьа а шеко йац цуьнан керлачу говзаршка киншкашйешархой сатесна Iаш хиларан.

 

А. Газиева