Кадыров Ахьмад -Хьаьжин — 75 шо кхачарна
Дарже хьакь воцуш нислуш стаг а хуьлу. Даржана хьакь волуш, Амма цига нисвала аьтто боцуш стаг а хуьлу. И хьалхарнаш а, шолг1анаш а, шортта бу дуьненахь. Амма даржехь хила хьакь а волуш. Дала цига кхача кхаж нисбеш волу стаг наггахь бен ца волу — б1ешарашкахь наггахь . Б1ЕШАРАШКАХЬ наггахь нислучарех вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Иза политик вацара, 1едалан белхашка г1иртина стаг а вацара. Амма иза политика юккье а, 1едалан балха юккье а г1оьртира. Ша ийцира цо шена т1е жоьпалла. Цхьаьнга а хоьттуш ца оьцу кьонахчо шена т1е мехкан мохь.
Цхьацца хабарш а дара, шеконаш а. Амма цунна гуш хилла, ща мила ву. Кьонахчунна шена хата гуттар а ген бакьболу мах, Шен нийят а девза, ша стенна гуьнахь ву а хаьа…
Кьомана дешан там лоьхуш вацара иза, т1аьхьало йолу некь лоьхуш вара. Цуьнан майралла а, доьналла а кхайкхош дацара, лелош дара. Цуьнан кхиэл ч1ире яцара, кьинт1ера волуш яра. Война д1аваьккхинчул, ваша вина, алло озийнарг везаш вара иза. Юха а цхьацца хабарш дуьйцура. Амма иза цу новкьара ца волура.
Муьлхачу аг1ор вели и ямартло йинарг? Я х1ун бен ду и х1инца, х1ун бен ду? Шех пхьа боллуш велахь а, наха т1е куьг дахьа декхар долуш стаг вацара иза. Иза дуьненан меха кьонах вара. Дала оьшучу сохьтехь, оьшучу меттехь нисвина. Дала б1ешарахь цхьаь я лишь нисво иштта…
Да не балха т1аьхьало а ца лерина Дала, кьонахийн меттиг Дала эхартахь нисйина… Шен езчу ялсаманица.
Аллах1 Дала шах1идийн макамехь нисйойла Ахьмадан эхартан х1сам!
Цуьнан шен х1ума а ца дайна: иза, шен нийятна хьанал вуьсуш, чекхвели. Эшам Вайн махкана хилла. Кхушара 23 августехь 75 шо кхочур дара цуьнан. Дала декьал войла иза, кху мехкан баьчча а, тхьамда а, шен кьам лардан г1ерташ, цунна хьалхаваьлла, лаьттина мехкан кьонах.
И сийлахь стаг гуттар а безамца дагахь лаьттар ву нохчийн халкьана.
Дала декьалвойла Ахьмад-Хьаьжа!
Лорсанукаев Увайс

