Дуьне дазлуш, даслуш-дог ду доьлхуш…

                                                                                                          Мухадин Шамаев /поэт-верлибрист/
/назма/

«Дерриг а, сан кхелаца а, сан йозанца а ду. Со реза волуш а, со реза
воцуш а ду. Со реза воцуш шаьш динариг сан кхелаца ду бохуш шайна
жоьжагӀате ма кечъе». /АЛЛАХӀ/

Дуьне бала бу, хӀетте а и дезаш ду. Иза заманийн «шахьар» ю, вай цера хьеши хилар хуар ду…
Заманаш ю дӀаоьхуш, уьш ягарян хала ду стиглара седарчи дагар дан санна,
Xlopa заманан шен-шен заманхой хуьлу дикниг а, вониг а деш — шин «декъе» декъа ло.
Дуьне телхана ду олу и бакъ дац. Лам санна тап аьлла и лаьтташ хиларна…
Дуьненах къа хета, кхоьруш и ша диссарах, оха хьо баьх дарна къинтӀера далахьа…
Харцо, къизалла ца лалуш хьо лелха… Хьой, тхой ца лалуш латта я лелха, тхо мича эккха…
Ша наха дӀатессинешехь, латтано гӀиллакх леладо — иза тхуна чӀогӀа
тшо…
‘ ХӀоранна цо мах боцуш «ц1а» ло, тхо ларо го бо. И «ц1а» долчех хьоьгураш а го…
Тезета вахаро чулоцу 1адат,шари1ат делахь и даггара неха сингаттамехь ду

Дезачу ахьа тхоьца хьагӀ-гамо лелайо — «цхьаммо-шиммо» хьо телхана ду аларна…
Диц ма делахь, ахь и даимна лаьттарг ца хилар, зама тӀекхаьчча АллахӀа дохар ма ду хьо,
Ка тухалаш, ца тохалахь са тохалаш баьхна. Са диттина и кхачича xly дан деза?
Хьалха деша Да волчунах КЪОНАХ олуш хилла, тахана «къонах» — олу хууш велахь катоха…
Лагах муш тессича санна уьш бу ахчаной, бахамой текхош, суна-м уьш текхаргах тарло…
Царна хала ду кхалха буьссуш бахам, цу бахамо доьзалашна юкъе до мостагӀалла…
Шех схьадаьлла адам.ша долчу юха дуьгу латтано вуьзнарг а, гай эккхалла…

АллхӀа сайн хан яхъеш хета — даимна бакъдерг аларна, гӀийлачех къахетарна, нийсо лехарна.
Хаац, АллахӀа ма баха: «Адами хьекъалца шен къайлене кхочийла дац». И хаа-м дезара…
Дуьне, зама, латта, тхаьш а кӀордина! Делара данза дала дезар ма дацара,
Цхьа бусулба стаг даимна жоьжагӀатичохь вуьтур вац АллхӀа аларна веш ву воккха.
Сан бусулба вежарий, йижарий! ЛАРИЙША Х1АРА CAН ВЕСЕТ…