САН ӀОЖАЛЛА УЛЛЕХЬ ХЕТА, Х1ЕТТЕ А КЪОМАХ Г1АИГ1А ДАГЧОХЬ ЛАЬТТА.

                                                                      Мохьди Шамаев

Хьаг1-гамо, къизалла, элира-бахара, вовшех ца дашар дуьтуш,
Лела вай лоьхуш барт, яхь йолуш, сонталла ютуш, къома сий ца дойъуш,
Сох дерг аша а алийша ша ма дарра, Ӏиттарш ца еш, ца кхаьрдаш,
Суна а лойша бакъо хетарг, я дерг ала, дагчохь ца къийла, мискачера терго
ейша баха.
1.
Стаг кхалхар уггаре а халахдолу во ду, цо ца йоьрзу чов йо ша волчунна,
Цулла а халох ду аьллаг ца деш волу доьзалхо хилар, цо дуьне а гатта до,
Дик-воне карош вверг лара везара, уьш кӀезга хиларна, муххале а, хӀунда хам
ца бо?
Хьекъал дебаш, мет-метте, оьшуш долу дош карош маслаӀат до цара чӀогӀа говза.
2.
Дина дика дацахь а, вониг ца дахь и дикниг ву бохучу девла вай хӀинца,
Хьалха-м гӀиллакхе хилар декхар лоруш хилла и дацахь загӀло деш ца хилла,
Сайн гӀалаташ дагар деш со ву, хиллар, даьлларг дӀацадолу бахарах байтамалла,

ТӀаьхьа кхеттехь а, кхетта-кӀезга лер, ладегӀар, пхьоьгӀане ца хӀиттар пайдехь го.
3.
Дуьне дааза, нах бовзаза, къоналла ца хилчи санна, схьакхечи езаш йоцу къаналла,

Цхьаволчу дуьне а ду, гӀийла верг ваца а во, бахам гулбо, гергарло хер до,
Уьш кхета а, я 1аба дагахь бац, хӀумма а д1ам ца хьо, къуьйсу и бахам доьзало,

ШайтӀанаш, жиннаш, адам-иблисаш даьржана и цхьа гӀуда ду аьлла туьду аса.
4.
ДАЛА царна аьлла долу наӀалт а олуш, доьху цаьргара якхар и дӀовши бозбуъчалла,

Цара даржочу лазаршна дарба дан лоьрашна хууш дац, цера “лор” КЪОРӀАН хилла,

Лелочу бахьнех гӀo хилита и, хьайгара къинхетам бай уьп балеха бахар ДЕЛЕ доьху аса,
Бакъ дерг ала, нийсо леха ДАЛА бахарах вайна и ца тов, аса х1ун дан деза?
5.
Ваьш «диди» доццушехь, ду вай массо а къомалла а дикох ду бохуш лоькхуш зурма…
Шин тӀамо динарг: байинарш, байнарш, лешберш, лазар дерш, лаьцнарш, хӀусмаш
ягинарш бицбина…
ЧӀогӀа мохк бегорах кхоьру, Ӏесалла яржарна, ваьш Ӏехош, Дела а Ӏехо гӀертарна,

Кайкхам бо аса-тоба дой, вовшашна КъинтӀера довли, къиношна геч дар Деле деха,

Дала ма баха геч деш ву ша даггара дохко довлахь, ца дохош дина тоба,

дуьненчохь текхначу балано, эхартан бала бай бо и Дала баха, хастам бу цунна,
Дай, наной, доьзалаш, дешнараш, хьаькимаш шу хьекъал, корматалла, иман оьшу
дуьненна!

Дуккха а доттагӀи бара сан-чукаре йолуш, т1екаре олуш, шаьш тешаме а болуш,

Хенашка ца хьожуш Ӏазраил
ц1е йолчу малайко даьхьи дукханин а синош…
Сайн Ӏожалла гергахь хеташ ву со гӀайгӀане Дела реза хин верг кӀезга дина долуш.

ГӀайгӀане а ву сайн тезетахь хир боцуш, велахь а вуьссур воцуш ала дош доцуш…
                                                                                  Соьлжа-Гала, 1-2.09.19.