Кху деношкахь Зорбанан цIийнахь дIадаьхьира нохчийн поэт Сулейманов Юсуп дуьнена ваьлла 90 шо кхачар билгалдаккхар а, «Тийналлехь ойланаш» цIе йолу цуьнан поэзин керла гулар йовзийтар а.
Цу цхьаьнакхетаре баьхкинера йаздархой, журналисташ, нохчийн исбаьхьаллин дош дезархой а. «Тийналлехь ойланаш» гулар вовшахтохоьначу Тухашев Хьамзатна а, и зорбане кечйеш къахьегначу Нохчийн Йаздархойн союзан белхахошна а, и арахоьцуш шайн харжах гIодинчарна а доккха баркалла элира гулбеллачара. Шайн къамелашкахь хIораммо а билгалдоккхура Сулейманов Юсуп баккъал а воккха исбаьхьаллин дешан говзанча хилар а, цуьнан кхолларалла нохчийн литературехь мехала меттиг дIалоцуш хилар а. Цу цхьаьнакхетарехь массеран а самукъадаьккхира нохчийн илланчас Межидов Сахьаба а, пондарчас Ахматов Абубакара а.
НР-н Йаздархойн союз
Сулейманов Юсуп суна вовзар 1957-чу шеран гурахь хилира. Тхан а, ЮсупгIеран а тIаьхьий-хьалхий Казахстанера цIадахкар нисделира. Тхо лулахой дара. Со сих-сиха воьдура ЮсупгIаьрга. ЧIогIа хазахетара суна, цо нохчийн маттахь ша йазйина байташ йоьшуш.
I965-чу шарахь со «Колхозан дахар» цIе йолчу Веданан кIоштан газете балха вахара. Цигахь болх беш Юсуп а вара. И дерриге а бохург санна газета цо куьйга йазйинчу а, цо тойина кечйинчу а материалех лаьтташ дара. Газетна чIогIа оьшуш белхахо вара иза. Амма уггаре а коьртаниг – байташ йара, цуо йазйеш йолу байташ.
Юсуп университеташ йаьхна вацара. Амма цуьнан байтийн философи, церан адам дезаран шовкъ нислур йацара дукхахболчеран поэтически кхетамах.
Сулейманов Юсупа башха шена там ца бинчу дахаран университеташ йаьхнера. Цара Iамийнера иза шен къам, мохк, цуьнан шех тераниг кхин нислур доцу башха Iалам деза.
Цкъа цхьана дийнахь гIалара цIа веанчу соьга тхан нанас элира: «Юсуп вар-кха, хьо цIавеъча, шега хаийтахьара бохуш». Жимма са а даьIна, и волчу вахара со. Iай дара иза. Юсуп, гуттара а санна, цхьаъ йазйеш вара. ЧIогIа хазахийтира цунна со веана.
И йеха Iаьнан буьйса йуккъе йаххалц байташ а, поэмаш а йоьшуш Iийра тхойшиъ. ЦIеххьана Юсупа элира: « ХIара ас йазбеш болу биъмогIанаш муха дIанисбийр бу ца хаьа-кха суна. Амма цхьаъ дан-м деза кхарна». Ас цуьнга элира: « ХIорш, ерриг а бохург санна, философски маьIна долуш нисло хьан. Цхьана рубрики кIел нисдан дезара хIорш. Товш хир дара, аьлла хета суна, «Тийналлехь ойланаш» аьлла йолу рубрика ахь йукъайаьккхича».
ЧIогIа хазахетарца тIеийцира Юсупа ас аьлларг. «И дика элира ахь! ЧIогIа нийса хета суна и рубрика. Хьо «буьрса» ма ву!» – аьлла гуттар а ша беш хилла бегаш а бира.
Иштта дIайахара тIаьхьуо гIарайаьлла хилла йолу Юсупан «Тийналлехь ойланаш» цIе йолу йоццачу байтийн цикл. Оцу циклана йукъайогIу беа могIанехь а, шина могIанехь а йазйина байташ. Шаьш йоцца йазйина йелахь а, цара чулоцу дахаран маьIна. Оцу байташа стагехь кхиайо адамалла, доьналла, майралла. Йац уьш йаьсса. Церан хIораннан а кIорггера маьIна долу чулацам бу.
Юсупна дика хаьара, кхехкачу цIийца даго хьалха лоьллуш ца хилча, цхьана а художнике мелла а билгалйолу говзар йазлуш ца хилар. Дерзинчу синпхенашца мах хадабора цо муьлххачу а хиламан. Кхечарначул дог Iовжош чов йо вуочо, дог доккхадеш тIеоьцу диканиг. Бакъволчу поэтан дуьнене хьежаран кеп йу иза.
Ойланашца даге орца доьхуш,
Ма лехалахь иллехь ала дош.
Дог хилийта кхехкаш,
накха морцуш,
Даима а ойла хьалха хьош.
«Сийлалла» аьлла йолчу шен байта тIехь поэто йаздо:
Сийлалла карош йац,
Хабарца лехарх.
И йеха къийсамехь
Халонел дехьа.
Хила а тарлуш дац
Хьо цуьнан декъахь,
Лачкъахь цу кхерамехь
Нахана тIехьа.
Сийлалла йу хьуна
Йахь ларйан хиънехь.
ХIор а гIулч, хьайн декхарш
Диц ца деш, теснехь.
Сийлалла йу хьуна,
Нехан сий динехь.
Синкъерам, гIайгIа а
Ахь цаьрца йекъахь.
БIаьрла гуш йу Юсупан Iаламца йолу зIе а. Иза къаьсташ йу оцу Iаламе шатайпана хьежар хиларца. Дуккха а байташ йу поэтан доьналла, сий, тешам, йахь, оьздангалла, майралла гойтуш, уьш хестош. Цуьнан дагна хийра йу хьагI, кIиллолла, тешнабехк. Аьрзунан, лечанан доьналла, попан, ножан чIагIалла тамехь йу поэтна.
Цхьа синтар гIеттича ирзехь,
Малх хьоьстуш
бIаьстенан зевнехь.
Сан дагна эзар тIам болу.
Илли а ас сирла олу
Нагахь поп,
къанбелла, харцахь,
Цо лаьтта тесна хIу дацахь,
Бохамо дагах гар доккху.
Сан дош а, аз гIийла гIотту.
Кхета аттачу, цIеначу нохчийн маттахь йазйина йолу Юсупан лирика а йу Iаламца герггара уьйр йогIуш. Цунна хийра дац иза. Поэт цуьнца дIаийна волуш санна хетало.
Стогаллех байт йазйан дезча,
Нежнашца къамел дан деза.
Безамах дош ала сецча,
Зезагийн мотт хаа беза.
Шина адаман юкъаметтиг йуьйцуш а цхьа ша-тайпа цIена, сирла дешнаш карадо цунна. Дац уьш цIармата йа эвхьаза, йа аз айдеш нахана шаьш хазийта гIерташ а.
Хьо йуй-те буьйсанан мохехь
Хьедийриг сан тийна кор?
Хьо йуй-те Iуьйренан малхехь,
Кхелинарг бешара кхор?
Хьо йуй-те, ас илли йаздеш,
Тийналлин доладеш йерг?
Хьо йуй-те сан ойла марзйеш,
Йуха а цкъа ган йоьгIна йерг?
Дукха дуьйцу поэто къонахех лаьцна. Билгалдоккху, шена хетарехь, уьш муха хила беза. Цунна цаьргахь уггаре а хьалха го стогалла, доьналла, сий, йахь, оьздангалла, доттагIаллин тешам, шен халкъана, махкана тешаме, муьтIахь хилар. Махкана а, доттагIашна а хьалхара эшначохь вала а кийча хилар.
Цуьнан байташкахь дац таханалерчу дахаран гIиллакхаш, цуьнан сихалла. Йац тахана хийцайелла йогIу дахаран мехаллаш. Цо паргIат къамел до шен йешархочуьнца. Комаьрша дIало шена дахарехь зиэделларг.
И дерриге дуьйцу Юсупа, ца оьшучу гIалатех мелла а вай лардархьама. Вай хIуманна а диц ца далийта. Наггахь дахарехь нислучу йуьхьIаьржонах лардан. Вай шена дезна дела. Вай шена деза дела.
Дуьйцу, шен тIаьххьара весет санна.
Со йухавогIур ву,
нежнашца къамел дан,
Аьрзунаш, сий, тешам,
стогалла хестайан.
Со йухавогIур ву,
иллешкахь денвелла,
Йа, айса уьш динехь,
дог шуна дIаделла.
Шена кху дуьненахь йаккха билгалйина хан оьзда, сирла, цIена йаьккхина, нур санна, схьа а кхетта, ткъес санна, къага а къегина, къайлавели Сулейманов Юсуп.
Шен доттагIчунна, йуьртахочунна Арсанукаев Шайхина лерина йолчу байта тIехь иштта боху поэто:
Хьажахьа, доттагIа,
Бешара и зезаг.
И, бацо хьистина,
Гуьйренца хебар ду.
Цу баце, цо санна,
Тешам, дог, ницкъ, безам
Махкана дIабелла,
Вайшиъ а дIавер ву.
ХIан-хIа, бакъ дац иза. Бакъболу поэташ дIабовш бац! Уьш хIокху дуьнен чу бовлу вайна кху дуьненан цIена, бакъйолу хазалла йовзийта. Иза харц, Iаьржачу, йамартчу хазаллех къасто. Уьш хIокху дуьнен чу бовлу, къонахий, турпалхой хесто. Царах вайна масал дан. Ткъа тIаккха шаьш вайна масал а хуьлий, дIахIуьтту.
Ишттачарех вара Нохчийчоьнан башхачу, къоьжачу лаьмнийн илланча, сан доттагI, сан лулахо, бакъволу поэт Сулейманов Юсуп. Йоца хиллера поэтан дуьненахь йаккха билгалйина хан. I985-чу шарахь шен 52 шо долуш кхелхира иза. И оьзда, сирла стаг цкъа а вицлур вац и вевзинчарна, иза везначарна. Цуьнан кхолларалла нохчийн литературехь шена хьакъйолу меттиг дIалаьцна дуккха а шерашкахь йехар йу.
ХIара поэзин гулар вовшахтухуш, дукха къахьега дийзира сан, Юсупан байташ лоьхуш. ХIунда аьлча, цунах йисна байташ йерриге а бохург санна, кху тIаьхьарчу тIемийн шерашкахь йайна, ткъа йолуш йерш Нохчийчохъ тIом болуш йаккхий тоьпаш йиттина, йохийна–йагийначу гIишлош чохь догIанна а, лайна а кIел Iаьхкина, тIуналло вуон тIеIаткъам бина, чIогIа талхийна йара.
Уьш лахьош, вовшахтухуш баттахь гергга болх бан дийзира сан Москвахь йолчу Россин Коьртачу публични библиотекехь а, цуьнан Химки-гIаларчу филиалан фондашкахь а. Юсуп вевзаш хиллачу поэташа а, журналисташа а доккха гIо дира суна цуьнан байташ схьагулйеш. Амма уьш цо йазйинчу произведенийн цхьа жима дакъа бен дац. Дукхахйерш хIаллакъхилла.
Оцу балха тIехь суна доккха накъосталла диначарех бу поэташ Арсанукаев Шайхи, Гацаев СаьIид, Рашидов ШахIид, Дакаев СаьIидбек, Кусаев Iадиз.
Къаьсттина баркалла ала лаьа суна журналистана Юнусов Хьамзатана. ЧIогIа мехала дара цуьнан гIо-накъосталла.
Тухашев Хьамзат,
журналист, йаздархо.