ТИЙНАЛЛЕХЬ ОЙЛАНАШ

Сулейманов Юсуп

НОХЧИЙЧОЬНЕ

Нохчийчоь, ас къамел
До хьоьца тахна.
Со ву хьан ирсечу
Лаьмнашкахь кхиънарг.
Ву, царах къастарна,
Чов хилла дагна,
Генарчу цу арахь
Цаваьлла лелларг.

Вац хIинца дог гIийла.
Веха сайн махкахь.
Сирла го Iуьйренаш
Хьомечу арахь.
Лаьар-кха декийта
Сайн иллеш тахна,
Хьан лаьмнех бухдуьйлу,
Шовданаш санна.

СУЬЙРЕНЕ

Беттаса лачкъорца
Кхоладеш дуьне,
Мокхачу цу мархийн
Кирхьа тIеоьзна,
Хьо хIунда гIелйелла
Лаьтта, хIай суьйре?
Жоп дерзош, и дийца
Тарлой ахь соьга?

Цхьа кIеззиг хан хьалха
Кху арахь, суна
Исбаьхьа серло луш,
Лепна и седа
Мичахь бу, хIай суьйре,
И хаьий хьуна?
Дийцахьа, тховса и
ХIунда ца лепа?

Набарна кечделла
И лекха пепнаш
Техкадеш, гIайгIане
Кхерсташ, мох лела.
Цу пепнийн баххьашкахь
Йуткъа шок йетташ,
Цхьа гIийла аз кхийдош,
Олхазар дека.

И хIунда дека-те,
Сел гIийла цIийзаш?
Цо лоьхург хIун ду-те? –
Хаац и суна.
Хьомечух къастарна
Ойла йеш гIийла,
Сан латтар хиъна-те,
ХIай суьйре, цунна?

КЪОЛАМЕ

Шарша, сан къолам, хьо шарша
Кхуллучу хIора а дашца,
Кхайкхарца сан лаам, безам
Лен доцчу иллешца бека.

Аттачу дешнашка кхийдаш,
Ма йайа эрна хан-зама,
Осала некъахо човхош,
Бакъонан пусардан Iама.

Халкъан ирс лардечу новкъахь,
Сан деган туркх хилий, гIатта.
Бекхаман шед хилий, доггах
Харцонан пIендарех хьарча.

СУНА ЛАЬА

Суна дезац, со воьлхучохь,
Раз а хьоьжуш, хьан велар.
Ган а лаац, со воьлучохь,
КIаж а оьхуш, хьан велхар.
Суна лаьа, лаьттахь дахар
Цхьанийсса вайн хуьлийла.
И нисдечохь, бакъо тоьлла,
Харцо эшна йуьсийла.

А.Ш.

Хьажахьа, доттагIа,
Бешара и зезаг.
И, бацо хьистина,
Гуьйренца хебар ду.
Цу баце, цо санна,
Тешам, дог, ницкъ, безам
Махкана дIабелла,
Вайшиъ а дIавовр ву.

ЙОI ДIАЙАХА

ЙоI дIайаха: «Кхин гур дац вай», – аьлла.
ГIийла сецна, кIанта ойла йо.
Бохам кхаьчна, Iийжаш карзахдаьлла,
Даго шен тIам генна лестабо.

Лоьху аре, лоьху Iаьржа бIаьргаш,
Диц ца ло и тайна декна аз.
ХIунда йаха и йоI, кIантах къаьсташ?
ХIунда йаха? – бохуш хоьтту ас.

Жоп ца хеза. Лаьмнаш лаьтта тийна,
Малх бу бузуш, и сурт шена гуш.
Хетало, и , кIентан дагах ийна
Хьоьжу лаьтте, гIийла серло луш.

ХIунда лепа и малх даим стиглахь?
И бузарца бода хьанна эш?*
ХIунда йоьду йоI а, кIентан кийрахь
Буьйса кхуллий, гIайгIа йаржайеш?

МАРЖА ХЬО ЙАI-КХА

Генарчу цу арахь,
Зезагаш ловзош,
Со лелла, сайн шераш
Дагардеш, ваьлла.
Цу шерийн боларехь
Соьга тIам лестош,
Къоналла дIайаха,
Ша хьело аьлла.

ХIинца хьо тешар йац,
Йеза хьо, бахарх,
Къежделла сан гиччош
Цунна теш дац-кха.
ХIун дер ткъа? Амма дог,
БIе шарахь вахарх,
Херлуш дац безамах.
Маржа хьо йаI-кха!

ГЕЧ МА ДЕ

Башха дац: со кхалхарх
Ломахь йа арахь,
Тезетахь Iаьржа-кIайн
Къеста ма ве.

Амма сох кадам бе
Сан нохчийн маттахь.
И безаш ца хиллехь,
Геч а ма де.

ХАН

Сихо йе, сан доттагI,
Даймехкан арахь
Халкъана пайденна
Цхьа гIуллакх дан.

Беркат, ирс, сийлалла
Ловзош шен марахь,
Чехкачу боларца
Йоьдуш йу хан.

Хьажал и секундаш
Ма говза керча,
Кхузткъа уьш дIайуьзча,
Минот йу и.

Минот а, сов доккха
МаьIна дерг шеца,
Цкъа йахча и йуха
Ца йогIу кхин.

СОБАРХ ЛАЬЦНА

Ма хьежа, сан доттагI,
Дахаре, гIеллой.
Цунна а дац хьуна
Дуьнен чохь атта.

Вайн лаьмнийн кийрарчу
Мокхазах терра,
Собарна чIагIделла,
Хьийзаш ду латта.
ХААЛАХЬ

КIезиг ду ас динарг
Даймехкан арахь.
Сайн лаам кхочушбан
Со кхиъна вац.
Кхин хийцам боцуш со
Иштта чекхвалахь,
Сан вуонехь, доттагI, хьо
Велха хьашт дац.

Ала ахь, и IиндагI
Дуьйжи шен хеннахь,
Дуьйжи и, шен тIамар
Ца хьайан кхин.
Амма, ас кхоьллинчех
Цхьа илли декахь,
Хаалахь, шозлагIа
Со вуйла и.

IУЬЙРЕ ЙОГIУШ

Буьйсанан хьу эккхош,
И малх схьакхетча,
Ма хазло-кх малхбалехь
Стигланан бесни!
Зов ийна сийналла
Беш хьеста йоьлча,
ХIо марзло, зезагийн
Аьхналлехь деший.

Iаннашкахь шовданийн
Эшараш йукълой,
ТогIера акхтарг а
Мох лиэкха долу.
Цо хьоьсту ойланаш
Иллешка сихлой,
Сан дагах безаман
ТулгIи бухйолу.

НОХЧИЙН МАТТЕ

Дахар шех олучу
Кху халчу новкъахь,
Цецвуьйлуш, со лела,
Нохчийн мотт, хьоьха.
Пайденна дош ала
Iамавеш говза,
Жимма и хьайн архаш
Кховдохьа* соьга.

Лаьар-кха, уьш чIоггIа
Лаьцна сайн буйнахь,
Аьрзунах айвелла,
Мархашкахь хьийза.
Лаьар-кха дешарехь,
Жехь, бешахь, уьрдахь
Дахаро буьйцучу,
Хьоьга ладегIа.

СТЕГАН НИЦКЪ

Ницкъ болчу Iилмано,
Шен буйна къуьйлуш,
Дегадеш го суна
Хьо, къена латта.
Йовхо бухйохуш, хьох
НиIмат схьаIуьйдуш,
Дахар ду сийлахьчу
Лакхене хьаьдда.

ЛадогIал, дац хьуна
Хезаш дерг туьйра.
Йа ткъес а дац иза,
Мархашца иэтIарг.
И стаг ву, хьан цIарах
Кхайкхам беш шуьйрра,
Стигланийн Iаьршенийн
Аьрхаллех летарг.

ВЕДАНАН ГIАП

ПаргIато йезачу
Веданан арахь,
Шуьйрра дIабаржийна
Хьайн мокха тIам,
Сан дайшна гIело йан
Даьккхинчу хоршахь
Ма цхьана йиси хьо,
Веданан гIап.
Цу корийн хьежаро
ДIаьвше цIе йетташ,
Кхоьлина масанийн
Iовжаме де.
ЦIубдаран амалехь
Маршонах леташ,
Кхирстина аьрцнашца
Харцонан цIе.

ХIинца и дIайайна,
Маьрша ду некъаш.
Бохур дац, вуон бу нах,
Кхин цкъа а ахь.
Орамаш хьарчийна
ТIулган цу некхах,
Зезаг ду муьйлуш малх
Хьан кора тIехь.

Хенаш тIехъйевлла, хьан
Зарздоларх пенаш,
Лаьтто чкъор хийцина,
Ширйаларх чхо,
Маьршачу дахаран
Аьзнашца йоьлуш,
Тур карахь долчул хьо
Ницкъ болуш го.

БЕШАРА КХОР

Ловзучу цу мохехь
Эшаршца техкаш,
Кхор лаьтта, кхелина
Тхан бешан йист.
Цо дуьхьалхIиттадо
Хиллачийн суьрташ,
Ца хиларх вайн маттахь
Дош аьлла бист.

Со йуххе ваккхарца
Цунна кIел вогIий,
Девашас бераллехь
Олура соь:
– Вайн дуьне ду мерза,
Декхарш ду даккхий,
Ткъа хьо-ма ву хIинца
Тергал беш гуо.

Дезарша, декхарша
ГIаттийна, кхана
ГIур ву хьо дахаран
Некъашца дIа.
Хьайна там ца лехахь,
Вуьсур вац цхьалха.
Ахь айхьа туьллу йерг
ЦIе а йу хьан.

ДIайаха бералла,
Шен некъ беш чехка.
Хьехамаш бинарг а
Йуха гур вац.
Бакъ ду, и денош ду
Сан даг чохь дехаш.
Дуьнен чохь со мел ву,
Уьш лийр а дац.

Бешахь кхор цIеххьана
Техка, мох лоций,
Сан лере кховдош ду
Хьехамийн аз.
Цуьнга ладегIарца,
КIеззиг садоIий,
Декхаршна виц ца луш,
Некъ дIахьо ас.

ГIАЛАТ МА ВАЛА

Стаг волчу стаге ас,
Даггара салам луш,
Кховдийна и сан куьг
Дац цкъа а лазийна.
Амма и цхьаццаберш
Суна кху некъашкахь,
Шайн йолчу амалшца
Сов тиша карийна.
Карийна харц волчу
Хьешера бохам а.
Шен кевнехь со гуш, цо
Гайтина вохар а.
И тайпа осалчух
ДоттагI ву, ма ала.
Стаг лара дезначох
ГIалат а ма вала.

*Эш – оьшу (диал.)