Бусалба Iилма Iаморан дозалла

Бусалба динехь коьрта дакъа дIалоцуш ду Iилма Iамор. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Iилма Iамаде аганара гIаттичахьана лахьти чу верззалц» (Бухари, Муслим). Iилма ца Iамийча стагана динан бакъонаш  а, цуьнан ларбан беза бехкамаш а бевзар бац. Бусалба дино адамаш дикачуьнга, нийса долчуьнга кхойкху, хьарам долчух а, вуочух а, Дела реза воцучух а лардала Iамадо.Чаккхе йан а йуй те, аьлла, оццул кIорге йолуш ду бусалбачу динан Iилма. Цундела Iилма Iамор, стаг декъалхиларе кхачош йеза, йал йолуш  Iамал йу.

АлхьамдулиллахI, хастам бу Далла тахана вайн махкахь бусалба дин лело а, Iамо а аьттонаш болуш. Оцу гIуллакхан  йоккха терго йеш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цундела вайн махкахь ду, кхин ца хиллал, хазачу куьцехь маьждигаш а, хьуьжарш а, хьафизийн  школаш а, иштта вайн  Соьлжа-ГIалин  йуккъехь йу Кунта-Хьаьжин цIарах  йолу Россин Исламан университет а.

Вайн дайша «цкъа  а хир  дуй те?» – бохуш, сатийсина исбаьхьа хаза сурт ду тахана вайн махкахь дерг.

Доккха декхар ду Iилма Iамочу мутаIеламашна тIехь а. ХIунда аьлча шайна хьалха долчу цу сийлахьчу декхарна жоьпалле хилар тIехь ду царна. Уггаре а хьалха, оцу нийсачу новкъа шаьш дахарна Далла хастам бан беза. ХIунда аьлча, хIоранна а ца делла Дала и деза ниIмат. Цундела, цхьа а шеко йоцуш, Сийлахьволчунна дукха безачу, Иза резаволчу новкъахь бу уьш.

МутаIеламаша Iилма Iамор бахьана долуш, царна хилла ца Iаш, церан дайшна а, наношна а хир йу йокха йал. Бусулба дена  шен доьзалхо Iилманна тIеверзор а, цунна и  Iамош гIо дар а Iаламат деза дуьйцу. Дешна стаг кертахь хилар доккха ирс а, беркат а ду.  Цул сов, шегахь динан Iилма долуш  волу жима стаг сонта, йа  Iеса, йа Дала ца магийна вуон хIуманаш лелош а хир вац. Мелхо а иза халкъана а, махкана а уггаре а пайдечех хуьлу.

Эхартахь а пайдехь карор ду, шел тIаьхьа дуьнен чохь ийманехь, динан Iилма хууш волу доьзалхо витар. Ишттачу доьзалхочо динчу доIина Дала жоп ло олу. Цундела вайна йоккха сийлалла йу динан Iилма долуш кегийнах вайн махкахь кхиар.

Ткъа цара шайл тIаьхьа богIучарна хьоьхуш, бусалба дин кхиорехьа кхидIа а кхиамца къахьоьгур ду.

Iилма цахиларал йоккха къелла йан а йац. Ислам дин  Дала вайна гайтина нийса некъ бу. ДегIера са дIадаьлча дегI ма-талххара, Iилма ца хилча адамийн дегнаш а телха.

Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) боккха тидам тIебохуьйтуш хилла Iилма Iаморна. Iилма Iаморан дозаллех дуккха а хьадисаш ду. Царех  цхьадерш хьахо лаьа суна.

Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Динан Iилма Iамор хIора бусалба стеган декхар ду» (Табарани, Байхьакъи).

Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Дала Ша цхьана адаманна дика дан лиъча, цунна динах кхетам ло» (Бухари, Муслим).

Оцу хьадисехь вайна билгалдолу динан Iилма Iамош болу нах, Дала дика дина нах хилар.

Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Iилма лохуш (и Iамо) новкъа ваьллачунна, АллахIа йалсамане боьду некъ атта бийр бу» (Муслим).

Дешначу наха боху, нагахь стеган Iилма Iамош волуш кхалхар нислахь и гIазотан даржехь ву. Оццул деза а, сийлахь ду Iилма Iамор.

Дала Шен Сий долчу Къуръанерчу дуккха а айаташкахь хьахийна ду Iилманан дозаллех лаьцна. «Аз-Зумар» суратан 9-чу айатехь боху: «…Цхьатерра буй шух хууш берш а, ца хууш берш а?». Оцу айато билгалдо Iилма дерш, Iилма доцучарал сийлахь хилар. «Аль-Муджадилат» суратан 11-чу айатехь боху: «…Дала даржаца лакхабоху шух ийман диллинарш а, шайна Iилма делларш а. И Дела аш дийриг сов дика хууш ма ву»

Iилмано йовзуьйту Ислам динан хазалла а, бакъонаш а. Цо билгалдоху хьанал а, хьарам а долчун дозанаш. Кхолладеллачу муьлххачу а хаттарна нийса, кхачам боллуш жоп ду бусалба динехь.  Оцу тIехь Къуръанан а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисийн а, нийса долу маьIна довзуьйтуш, достуш, охьадуьллуш  чIогIа къахьегна  баккхийчу Iеламнаха.

Дуьненан дерриге а Iилманаш оьшуш ду.  Амма, Ислам динан Iилма Iаморал деза хIумма а дац. Вайна хаа деза вай дуьнен чу Дала Шена Iибадат дан кхоьллина дуй. Стаг шен белхан мел воккха говзанча хиларх, и велча цо Делан дуьхьа йиначу Iамалех хоттур ду цуьнга.  Цундела шен  динах коьрта дерг довза дезаш ву муьлхха а бусалба стаг.

Дала хIора а бусалба стагана тIедиллина  хIума шен бакъо йолуш а, нийса кхочушдан дезаш а ду.

Вай йеш йолу Iамалш  шариIатца  билгалйинчу бакъонашца нийса йар тIехь ду вайна. Цу йукъахь коьрта йу вай йеш  йолу парз Iамалш а. Масала: (шахIадат, ламаз, марха, закат, хьаж дар). Оцу тIехь вай  йинчу ледарлонах Дала жоп доьхур ду.

Хьалха Советийн Iедалан халачу хенахь бусалба дин лело а, Iамо а  адам маьрша ца хиллехь а, хIинца хIокху заманан гIирсашца аьтто бу динехь шена цахуург хатта а, довза а. Цул сов, хьеннан а хаттарна жоп дала вайн махкахь  Бусалбачу Динан  Урхалла а йу. Динехь долчу муьлххачу а хIуманах царах дагадовлар а тIехь ду вайна. ХIунда аьлча, вайн махкахь долу хьал а, вайн къоман амал а, Iадаташ а царна дика девза.

Бусалба стаг Дала а, Цуьнан Пайхамара а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шега де бохург деш, ма де бохучух ларлуш хила веза. И ду Делах кхерар, и бу бусалба стеган нийса некъ.

ХIораммо а шена цхьа хан билгала йаьккхина, мало а йоцуш, Iамо деза Дала вайна нийса некъ гойтуш доссийна сийлахь Къуръан. Цунах марзо оьцуш, и шена Iамийнарг декъал хир ву.

Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Къуръан деша аш, баккъал а, иза ша доьшуш хиллачарна  къемат дийнахь шапаIат деш догIур ду шуна» (Муслим).

Делан къинхетамца тIаьхьарчу хенахь, вайн йукъараллехь Iилманна  тIегIерташ болу бахархой алсамбуьйлуш бу. Цо гойту, денна хазлучу, кхуьучу вайн махкахь дехаш долу халкъ ийманехь, исламехь нислуш хилар. Iилма хилча мостагIаша вай Iехор дац. Iилма хилча динехь доцург дуьйцуш верг сацо  а хуур ду. Цу кепара вайн халкъ нисделча, нислур ду вайн йукъара дахар а. Иштта шеца доккха беркат долуш ду Iилма Iамор. Веза а, Сийлахь  а волчу Дала Iилманехь совдохийла вай. Дала оцу Фирдовс йалсамехь цхьаьна а тухийла!

МАДАЕВ Анзор