ИОРДАНЕРА КЕХАТ

Дуьххьарлера МоттНохчийн Мотт

Нохчийн халкъ ирсе халкъ ду, хIунда аьлча цо буьйцу мотт Дала белла мотт болу дела. Шеко йоцуш, вайна доккха сий ду нохчийн мотт Дала балар.  Нохчийн Мотт эзарнаш шерашкахь дуьйна буьйцуш хилла а бу. Дуьнен тIехь, нах алсамбуьйлуш нохчийн мотт коьрта мотт хилла, массанхьа баьржина хилла.

Дукхахболчу историн Iилманчаша билгалдаьккхина нохчийн мотт дуккха а меттанийн бух хилла аьлла. Амма и билгалонаш кхайкхоза йисина цхьацца политика Iалашонаш бахьанехь.

Со тешна ву Нохчийн мотт а, халкъ а Дала дуьнен тIехь дуьххьара хаьржинчу къаьмнех цхьаъ хиларх. Нохчашна тIехь доккха декхар ду – шайн мотт Iалашбар. Мел дукха мостагIий гIиртина вайн халкъ а, мотт а дIадаккха, амма Делан ницкъаца ка ца йаьлла церан и дан.

ЦIенна вайн мотт буьйцуш мел ду вай хазачу а, оьздачу а гIиллакхех духур дац йа вайн дайшкара схьадеана ламасташ дIатосур а дац. Нохчи, Делах тешаш, цIена дог-ойла йолуш, Дена а, Нанна а муьтIахь волуш, баккхийчу нехан сий деш хила веза.

Кхидолу меттанаш Iама ма де ца боху ас. Вуьшта, меттанаш дукха мел хаьа а стеган кхетам совболу, болх карон аьттонаш хуьлу, хIетте а стагана шен ненан мотт ца хиъча, Iилманна мел тIера велахь а, дозалла ца хета.

Вайн халкъ дуьне ма-дду дIасадаьржина хилар бахьанехь, тIекхуьуш йолчу тIаьхьенийн мотт дIаболуш бу, бийцахь, дукха вуон эбеш бен ца буьйцу. Иорданерчу нохчаша 100 шарахь сов Iалашбинехь а, тахана меттигера маттаца эбеш буьйцу кегийчу наха.

Иорданера нохчий даима хилла даймахкара берриге а хиламаш тидамехь латтош. Масех де хьалха, Нохчийчохь 2023-гIа шо Нохчийн меттан шо хир ду аьлла дIакхайкхор кхаьчна, боккха кхаъ хилла тхуна, нохчийн Iедало Иорданехь цхьа туш хIотторе догдохуш ду тхо.

Аль-Шишани Фарид