Мехалчух

Мотт кхиорна новкъарло йеш долу цхьадолу бахьанаш  

 

Вайна массарна а тахана къеггина гуш ду  вайн йукъараллехь маттаца долу хьал ледара хилар.

Оьрсийн меттан дешнаш йукъахь доцуш, нохчийн мотт ца буьйцу дукхахболчара. Иза дика дацахь а, цунах вай кхета. Делахь а, вай цакхетарг а, мотт бицбарехь  кхераме дерг а ду, цара  оьрсийн мотт  шен ненан маттал къамелехь алсам буьйцуш, вайн мотт шолгIачу декъе буьллуш хилар.

Вайна  хууш ма ду,  кхечу къоман мотт хаар дика а, сийлахь а дуй. Амма, шен мотт ца хууш кхин мотт хаар, цул сов, иза  шен ненан маттал дика хаар, къобалдеш дац шен ненан маттах доглозучара.

Вайн йукъараллехь маттаца долчу хьолан таллам бича гучудолу мотт нийса, йа цIена бийца цахаарал сов, вайн маттахь нийса йаздан хууш берш а кIезиг хилар.

Иштта, кIезиг бац къамелехь ша ала гIертачун маьIна а дохош, меттан бакъонца нийса ца догIу дешнаш далош, мотт буьйцуш берш а. Масала: («сурт дилла»  олучу меттана «сурт де» олу. «Iумара йа Ислама боху» ала дезачохь «Iумаро йа Исламо боху» олу). «Хь» элп аз дало дезачохь «ХI» элпан аз даладо цара,  шаьш вайн къомах боцуш санна. Доцца аьлча, шен луъ-луучу агIор дIаса а сеттош буьйцу, шен бакъо йолуш болу вайн сийлахь нохчийн мотт.

 

ХIун ду вай кхера дезарг а, вай лардан дезарг а?

 

Мотт и къоман кхане йу, и ца хилча цуьнан йа тахане а йац. Маттах доьзна дукха хIума ду дахарехь. Вайна хаа деза, мотт бицбала болабаларе терра, дицдала долало халкъан Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ.  Хийцайала йолало цуьнан цIеначу орамера схьайогIу  амал.

Кхин а чIогIа кхерамечух ду, шен мотт биц а бина, кхечу къоман маттахь стаг ойлайан волавалар. Мел дукха йича а, шен ненан маттахь йечу хазачу  ойлане кхочуш хIумма а ма дац. ТIаккха, цу къоман  амале вирзина ца Iаш, вайна хийра долу церан гIиллакхаш схьаэца тарло цо.

ТIекхуьучу тIаьхьенна Iаламат бохаме а, кхераме а ду кхечу къоман маттахь ойлайан Iамар. И сурт цу кеппара чолхе далахь, дин, Iадаташ лардеш, хила ма-беззара нохчий хир бац тIекхуьучарах. ХIунда аьлча къам доха герга дахаран йуьхь йу цо шен маттал а дика кхин мотт бийцар.

 

«Нийса ду ткъа шен ненан мотт цахаар?» – иштта хаттар дан деза ша шега хIора а нохчичо. Ткъа хIун ду хьуна хьайн ненан мотт хаа  новкъарло йийриг?

 

Уггаре а хьалха, нохчийн мотт цахаар, и вайн вешан бехк бу. Вайн цуьнца бала цахилар ду.

Ненан мотт цахаар  вайна эхье, лазаме делахьара, иштта хир дацара таханлера сурт. Соьга хаьттича тахана цхьа а тайпа  новкъарло йац нохчийн мотт Iамо лууш волчунна. Цу балхана оьшуш болу гIирс кхачам боллуш охьабиллина бу.

Кхузахь дало лаьа суна, кхин ца хиллал кIоргера чулацам болуш, йаздархочун, поэтан  Арсунукаев Шайхин хIара дешнаш: «Йист йоцу хIорд санна бу хьуна шорта, ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт». Ткъа ма-дарра аьлча-м, эхь ду шен ненан мотт цахаар. «Мотт бацахь – къам дац» – кIорггера чулацам болуш ду и дешнаш а.

Цундела, маттаца долу хIума адамийн дахарехь коьрта агIо дIалоцуш хилар хааре терра, цхьа дикачу наха мотт ларбарехьа а, кхиорехьа а ондда къахьегна. Дуккха книжкаш, тайп-тайпана гуларш, говзарш йазйеш зорбане йаьхна цара. Иштта, оьшучунна тахана нохчийн-оьрсийн меттан дошам йу ца девза дош Iамо а, каро а.

 

ХIун дан деза вай ненан мотт ларбан?

 

Соьга хаьттича, къаьсттина школашкахь жигарабаккха беза нохчий мотт хьехаран, марзбаран  болх. Алсамйаха йеза урокаш.  Дешархойн мотт хааран а, меттан бакъонаш йовзаран а хьуьнарш къовсуш, тайпа-тайпана  къийсадаларш вовшахтухуш хилча а дика хира дара.

Телевиденехь тематикин передачаш а, берашна лерина самукъане передачаш а алсамйаьхча пайда алсам хир бара аьлла хета. Кхин а дика хир дара вайн гIиллакх-оьздангаллех лаьцна  мультфильмаш йукъайаха таро хилча. ХIунда аьлча, жимачохь Iамийнарг дика схьалоцу беро. И даима церан синкхетамехь даха а дуьса. Иштта, нохчийн мотт а церан сих, тIамарх дIабулур бара.

Вай кегий долуш баккхийчара туьйранаш дуьйцура вайна. Цу туьйранийн турпалхой санна дика а, майра а хьалакхиа лаам гIаттабора цара. Цундела, берашна лерина  материалаш йазйар а алсамдаккха деза. Коьртачу декъана, цхьа чкъор нохчийн мотт кхачам боллуш дика хууш хьалакхиаделча, цо доккха  гIо дийр дара нохчий мотт хила безачу тIегIанехь дIахIотто а, тIаьхьене кхоччуш дIакхачо а.

Хьекъале нах тIаьхьалонна ойла йеш хуьлу олу. Со тешна ву хIора а нохчичун шен мотт беза аьлла.

Нохчий мотт ларбар а, бийцар а, доьзалшна Iамор  а  вайн деза декхар а, коьрта Iалашо а хилла дIахIотта йеза. Таккха вай къам ирсе дехар ду. Нийса хир бу вай адамийн синкхетам. ХIунда аьлча, матто  кхиадо къоман гIиллакхаш, Iадаташ, цаьрца йолу уьйр, марзо, адмийн барт. Дерзош суна дало лаьа йаздархочун, поэтан Мамакаев Мохьмадан маьIне дешнаш: «Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц».

Оцу дешнаша гойту мел коьрта бу халкъана шен ненан мотт.

 

Дала Ша азаллехь адамаш къаьмнашка доькъучу хенахь, нохчий хиларан билгало йеш, вайна делла доккха ниIмат а, аманат а ду нохчийн мотт!

 

Иза лардар вайна тIехь ду.

МАДАЕВ Анзор