Кхетам болу хIора а стаг хууш ву диканиг хIун ду а, вуониг хIун ду а. И хаар Дала диллина адамийн синкхетаме. Мотт ларбар бусалба динехь ларбан безачу бехкамийн коьрта цхьа дакъа ду. Тахана маттаца вай леточу къинойх цхьадерш хьахор ду вай.
Вайна ма-хаъара, ша доларабаьлча, синкIоргенехь йолу адамийн ойланаш хьекъална хьалха а лелхаш гучуйоху матто. Цундела хьекъал долчу наха, леларе а, гIуллакхашка а хьаьжна ца Iаш, багара арадуьйлучу дешнашца хадабо стеган мах.
Мотт – иза дегIан ларйан йезаш йолу коьрте меже йу. Мотт лебан атта белахь а, амма цуьнан тIаьхье чолхе хуьлу. Цо стаг йа декъала хиларе вуьгу, йа дакъазавоккху. ХIоранна хаа деза шен багара даьллачу дашах жоп дала дезаш хилар.
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуккха а хьадисаш ду меттан къинойн бохамах лаьцна дуьйцуш.
Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «АллахIах а, къематдийнах а тешаш волчо диканиг олийла, йа вист ца хуьлуш Iадда Iойла» (Бухари, Муслим).
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхин а аьлла: «Дукха къамел дечуьнгара, дуккха а гIалаташ довлу, ткъа шегара дукха гIалаташ довлучо, дуккха а къинош летадо, ткъа дуккха а къинош летош верг, хьакъ хуьлу жоьжахате ваха» (Аль-Байхакъи).
Делахь а, дукхахболчу наха тидаме а ца оьцу, йа дола а ца до шаьш олучу дешнийн. Мел ца лууш делахь а, вайн йукъараллехь кIезиг ца нисло харцдерг дуьйцурш а, сонта, цIармат мотт буьйцурш а, мотт-эладита даржош берш а, адмашна тIаьхьашха луьйш, доцург дуьйцуш берш а.
Цу кеппара АллахIах а, вайн гонахарчу маликех а, цхьажимма эхь хетар доцуш ца оьшу, эрна къамелаш до цхьаболчу наха.
Ткъа мел аьлларг тептар тIе дIайаздеш ду, къематдийнахь хIоранга а хоттур долуш.
АллахIа Шен Сий долчу Къуръанехь аьлла: «Цхьа а дош олуш ма дац цо, шена гергахь кийча волу тергал деш верг волуш бен (дIайаздеш малик)»
(«Къаф» сурат, 18-гIа айат).
Дуьненахь вай деш долу муьлхха а къамел, йа кхидолу гIуллакхаш дIайаздеш ши малик ду: царах цхьаъ Ракиб ду, иза аьтту белшаш тIехь ду. Цо адамийн дика гIуллакхаш дIайаздо. Ткъа важа Iатид ду, иза аьрру белша тIехь ду. Цуо вуонаш дIайаздо. Вуон хIума аьлча, вай дохкодовллалц, дIа ца йаздеш, ладугIу цуо. Нагахь, и дохко валахь, и вуон хIума дIа а ца йаздо. Оццул вайх къинхетам бина Веза а, Воккха а, Сийлахь а волчу АллахIа.
Амма хIетте шаьш леточу къиношна дохкобовлар доцуш, ца оьшу вуон мотт буьйцурш нисло вайн йукъараллехь. Цара герга долчу къематдийнахь, цхьа а шеко йоцуш, жоп лур ду шайн багара ара мел даьллачу Iесачу дешнех. Иза дай хIума хета маггане а мегар дац.
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь деана, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъ долуш, АллахIан лайно, ойла а ца йеш, цхьа дош алар бахьана долуш, иза, цунах бахьана а хилла, жоьжахати буха ваха тарло, малхбалехьара, малхбузехьа кхаччалц йолчу йукъан барамехь» (Бухари, Муслим).
Къаьсттина вайн йукъараллехь даьржина долчу меттан къинойх ду гIийбат дар.
«ГIийбат» бохург адамна дIахезча дезар доцчу хIуманца тIаьхьашха лер ду. Башхалла йац, цуьнан дегIехь болу эшам, йа цуьнан тайпанах лаьцна, йа тIерачу бедарх лаьцна йа кхидерг ахь хьахадахь а. Масала: лоха ву, ирча ву, лекха ву аьлла, цунна тIехь дан а долуш дерг ахь дийцахь а, иза а гIийбат ду.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Со стигала хьала ваьккхинчу буьйсанна со тIекхечира цIестанах мIараш йолчу нахана, шайн йаххьаш а, шайн накхош а цоьстуш бара уьш. Ас хаьттира: «ХIорш муьлш бу, хIай Жабраил?» Цо элира: «ХIорш – нахана тIехь гIийбат деш, церан сий дойъуш берш бу» (Абу-Давуд).
Цул сов, хьо хууш хилалахь, гIийбат дарна йукъа догIу нахана сийсаза хеташ мел долу хIума, къамел дарца хуьлийла иза, ишарш йарца, йа къоламца йаздарца, хIунда аьлча, къолам мотт санна лоруш бу.
Мухьаммад Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гIийбатах лаьцна хаьттича, цо жоп делира: «Ахь хьайн ваша цунна ца дезачу хIуманца хьахор ду иза». Хоьттуш волчо элира: «ХIай Делан Элча, ахь суна дийцахьа, ас олуш дерг сан вешехь делахь?» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Ахь олуш дерг хьан вешехь делахь, цунна тIехь гIийбат дина ахь, нагахь иза цуьнгахь дацахь, бухтан дина ахь» (Муслим).
«Бухтан» бохург иза адамна тIехь харцо кхоллар ду, даккхийчу къинойх къа ду иза. АллахIа лардойла вай цунах!
Абу Дардаа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Къонахчуьнгахь доцу хIума ша хьахийнарг (цуьнца иза бехвархьама), АллахIа жоьжахатин цIергахь латтор ву, цо цуьнан хьокъехь аьлла дешнаш кхачадаллалц» (ТIабарани).
Делах кхоьруш болчу нахехь догIуш дац харцлер. Харцлеро сийсазадоккху адаман са. Къаьсттина АллахIана цадезарг а, Ислам динна нийсса дуьхьала дерг а ду харцлер. Массо а хIуманна тIехь нийсо йийриг АллахI ву. Цуьнан доза доцу нийсо адамийн нийсонан барамашца йуста йиш йолуш йац. Цундела АллахIа Шен сийлахьчу Къуръанехь а билгалдоккху бакълуьйш болу Шен лайш дукхабезаш хилар.
Сийлахь-ВезачуАллахIа аьлла:
«..Бакълуьйчу божаршна а, бакълуьйчу зударшна а АллахIа царна гечдар а, сийлахь-доккха совгIат а кечдина» («ал-Ахьзаб» сурат, 35-гIа айат).
Сийлахь-ВезачуАллахIа кхин а аьлла:
«ХIай, ийман диллинарш! АллахIах кхера, бакъдерг дуьйцуш болчаьрца а хила» («ат-Товба» сурат, 119-гIа айат).
Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, цо элира аьлла: «АллахIан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цкъа даккхий къинойх лаьцна хаьттинера. ТIаккха цо элира: «Даккхий къинош АллахIаца накъост вар а, дена-нанна вуон хилар а, ша-шен вер а, харц тоьшалла дар а ду» (Бухари).
АллахIан къинхетамах гена воккхуш долчу къинойх ду ша дина гIуллакх тIехтохар а. И зуламе болх лелош болу нах шаьш деллачу сагIанах бовлу олу, хIунда аьлча цара дицдина и дика болх бан шайн аьтто бинарг АллахI хилар. Цул сов, вайн йукъараллехь лелаш, кхерамечу къинойх ду мотт-эладита дийцар. Цу балхо адамашна йукъара барт бохабо, адамийн вовшех безам боккху, йукъа мостагIалла дуллу.
Цундела Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Мотт-эладита лелош верг йалсамане гIур вац» (Муслим).
Нехан къинош а, гIалаташ а дуьйцуш, ша АллахIана герга гIур ву моьттуш верг тилавелла. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Адам бусалба дин нийса лелош ду, нагахь иза шен бала боцчу гIерташ дацахь» (ат-Тирмизи).
Цу кеппара, кхин ца хиллал, бохаме ду, нах бело гIерташ харц дийцарш дийцар а. Аьшпаш боттар ду аьлла, ша дуьйцург харц дуйла а хууш къамел дар. Баккъал а, и гIуллакх дечунна (Iазапца) кхерам тасар деъна хIокху хьадисехь. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Дакъазалла йу-кха нах белоран дуьхьа харцлуьйчунна! Дакъазалла йу-кха цунна! Дакъазалла йу-кха цунна!» (Абу-Давуд)
Къаьсттина бусалба дино ца магадо нахаца къийсавалар а, девнаш дар а. Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Уггаре а АллахIана цабезнарш – къарцалуш (харцонца) девнаш деш берш бу» (Бухари).
Маттах схьадолучу зуламан некъаш дуккха а ду. Делахь а, вай лакхахь хьахийнарш а тоьар ду жимма а кхетам болчунна шен мотт къинойх ларбан. Цундела олуш ду: «Дош багар ара далале и хьан лай ду, ткъа арадаьлча, хьо цуьнан лай ву». Даима а дагахь латтаде Мухьаммад Пайхамара а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, цуьнан асхьабаша а мел кIеззиг долчу хIуманна тIехь а шайн багара довлучу дешнийн дола дина хилар. Тахана мел дукха бу шайн сакхташ а ца гуш, нехан сакхташ лехьош, даима а цхьана нахана лен марзбелла мотт бахьана долуш, шайн дика Iамалш йагош берш.
Нехан кхачамбацарш коьрта ду царна шайн АллахIаца йолчу йукъаметтигал а. Царна АллахIана хьалха долу шайн декхарш дицделла хиларан билгало йу иза. Ма кIезиг хуьлу-кх дикачу хьехамашка ладугIуш а, царах пайдаоьцуш а шен дог вуочух цIандеш берш.
Цундела АллахIана герга вуьгуш долу пайдехь къамел дар йолехь а, мелехь а, сийлахь а ду бусалба нахана.
Шен мотт къинойх ларбеш верг АллахIа дерриге а вуочух ларвийр ву. Ислам динан хазалла шайн даг чу йижина болу нах алсам мел бевли а толур ду вайн йукъараллехь долу хьал а, дахар а. Цу кеппара, нагахь санна, стагана шен дика гIуллакхаш лардан лаахь, цо уггаре а хьалха, шен мотт ларбан беза.
АллахIе доьху вай оцу тIехь гIо дар а, вайн дегнаш Шех кхерарехь нисдар а, вайн мотт АллахI дукха хьехорехь хазбар а.
ДОШ ИРА ГЕРЗ ДУ
Дош ира герз ду бакъ дериг аьлла,
МостагIна сина метта дожийча ахь.
Балано догдохош висинарг воьжна
Дог хьостуш, дош аьлла ахь гIаттавахь.
Дош ира герз ду, цо чов йо дагна,
Олучу дешнийн ахь дола ца дахь.
Харцлуьйчу меттнаша даржадо питна,
Нагахь уьш бакъоно совца ца бахь.
Дош ира герз ду, хаза дош аьлча
Хийлазза гергарлонаш цо хIиттадо.
Пайдехьчу хьехамо дог досту дера,
Галваьлларг нийсачу новкъа нисво.
Эрна дац вайн халкъан олуш цхьа кица:
«Хазачу дашо лам башабо».
Мел чIогIа барт эгIна хиларах адамаш,
Оьздачу къамело маслаIат до.
Ма хила, ма хила маттаца сонта,
Зуламаш даржориг адмийн мотт бу.
Харцлуьйш верг хаалаш ца веза Далла,
Мел аьлларг дIайаздеш маликаш ду.
Сих ма ло дош ала, цкъа дIасахьажа
Багара доьжна дош хьан эла ду.
Аьллариг детиха кхелина хиларх,
Цааьлларг, хаалахь, и деши ду!
МАДАЕВ Анзор