Мотт – къоман хазна

 

Нохчийн жуз

Ненан мотт баржорна йуьххьехь лаьттинчарах

Цхьа бIе ахбIе шо сов хьалха оьрсийн гIараваьллачу Iилманчас, Кавказ таллархочо П.К.Услара («Буьрса») Грозный гIопехь схьайиллира нохчийн маттахь хьоьхуш йолу дуьххьарлера ханна йолу школа. Цунна цу тIехь гIо деш вара хIетахь нохчийн дуьххьарлера Абат хIоттийна а, арахецна а волу Дишни-Веданара прапорщик Досов Къеда.

Нохчийн а, йукъарчу филологин а Институтехь йара Грозный гIопехь нохчийн дуьххьарлера школа схьайелларан а, нохчийн дуьххьарлера Абат арахецаран а хьокъехь йолу мехала материалаш. Вайн халкъан кхолламехь доккха маьIна долуш хиламаш бу къоман дуьххьарлера школа схьайеллар а, Абат арахецар а. Оцу хиламийн хьокъехь дийцина шайн Iилманна белхашкахь филологин а, историн а Iилманийн доктора Алироев ИбрахIима а, Дагестанерчу Iилманчас, филологин Iилманийн доктора А.Магомадовс а, кхечара а.

Алироев ИбрахIима «Нахская группа языков» балха тIехь («Введение в нахское языкознание» гулар) боккха тидам тIебохуьйту ХIХ-чу бIешарахь Кавказан меттанаш толлуш Услар Петра бинчу балхана. Iилманчас чIагIдарехь Петр Карловичан цIарца доьзна ду нохчийн мотт Iилманан тIегIанехь талла болор а, нохчашна йукъахь йоза-дешар Iамор даржа доладалар а.

ХIХ-гIа бIешо йукъал тIехдаьллачу хенахь жигарделира нохчийн йоза кхиоран гIуллакх. 1862-чу шарахь Гуьржийчоьнан пачхьенехь Тифлисехь Досов Къедас арахийцира нохчийн дуьххьарлера Абат. «Нохчийн жуз ду хIара» хуьлу цуьнан цIе. оцу абатца дешар дIадоладо Грозный гIопехь схьайиллинчу школехь. Цул тIаьхьа, нохчаша-юнкерша Мустафинов Джаль-Эддис, Богаров Эдикас, Тарамов Ахьмадхана гIо-накъосталла а деш 1866-чу шарахь абат арахийцира И.А.Бартомолейс. Йуха, 1911-чу шарахь Эльдарханов Таьштамира арахоьцу нохчийн абат а, ткъа иштта нохчийн дуьххьарлера йешаран книга (Iамат) а. Цуьнан цIе «Нохчийн мотт» хуьлу.

«Баккъал а, Iамо ма беззара нохчийн мотт Iамор дIадоладелира П.Услара 1862-чу шарахь йазбина а, 1882-чу шарахь арахецна а йолу «Чечеснкий язык» книги тIера… Цо дуьххьара йазйира, Iилманан буха тIехь, нохчийн меттан грамматика. Цуьнца цхьаьна дошам а хIоттийра халкъан барта кхолларалла а йовзийтира», – боху Iилманчас.

Нохчийн мотт Iаморна тIевоьллачу Петр Карловича Тифлисе кхайкхира Нохчийн лаьмнашкахь йолчу Дишни-Веданара прапорщик, меттан говзанча Досин Къеда. Хьаххийначуьра аьлча, и шиъ цул хьалха а вовшашна вевзина а, нохчийн мотт Iаморехь, талларехь цхьаьна болх бина а вара. Шен хьехархочун гIоьнца хIоттийначу алфавитах пайда а оьцуш арахецна ма йара Досов Къедас шен Абат.

Нохчийн алфавит оьрсийн алфавитан буха тIехь (графики тIехь) хIоттийна цо. ТIетоьаш доцу элпаш гуьржийн а, латинийн а алфавиташкара схьаийцира П.Услара а, Къ.Досовс а. Цара хIоттийначу алфавитехь 37 элп дара. Оцу алфавитца, вай лакхахь ма-аллара, хIоттийначу Абатца 1862-чу шеран асаран (июнь) баттахь Грозный гIопехь схьайиллинчу школехь хьеха долийра. Школо 6–7 кIиранах бен болх ца бира. Цигахь доьшуш вара 25 мутаIелам (дешархо).

1862-чу шеран хьаьттан (август) беттан 31-чу дийнахь Ф.Радецкийса йаздечу кехатехь П,Услара иштта хаам бо: «Нохчийчохь йоза-дешар Iамор даржоран Iалашонца Грозный гIопехь ханна йолу школа схьайелла эла (князь) Дмитрий Иванович реза хилла хилар схьахаийтира соьга подполковника Степановс. Школа ворхI кIиранах гергга лаьттира. Суна хетарехь, нохчийн йозанан кепаша тоьшалла до цара оцу декъехь дика кхиамаш баьхна хиларна… Йоза-дешар Iамор вуно сиха даьржаш ду. Иза кхин а сиха дIагIур ду Тифлисехь нохчийн абат зорбатоьхначул тIаьхьа, иза куьйгайозанехь кийчча йолуш йу. ГIуллакх чекхдаьллий ду нохчийн шрифт хилчахьана. Цунна заказ йина Петербурге. Делахь а, хIинца а схьакхачаза йу».

Деша лууш, дешарх кхиа лууш болчу нохчийн дешархойн кхиамаша цецвохура П.Услар. «Нохчийн йозано суна дагахь а хилла доцу, суна ца моьттина Iаматаш гойту», – йаздора Петр Карловича ша А.Бержега дахьийтинчу кехатехь, – … селхана, асаран беттан 24-чу дийнахь суна 25 нохчи вовзийтира, царах I4-мма нохчийн маттахь йоьшу вайшимма оьрсийн маттахь ма йешшара шера а, дика а. цу тIе тидаме эца ахь царах цхьанна а оьрсийн маттахь йеша хууш цахилар. Делахь-хIета, хIинца йукъайаьккхина азбука (абат) хьалха царна йовззане а йевзаш хилла цахилар».

ЦIейахханчу Iилманчас П.К.Услара кхин цхьа хаам а бира шеца ойла йогIуш волчу А.Бержега: «Шифнера нохчийн абатан экземпляраш дIасайахьийтина Европерчу филологин цIейахханчу Iилманчашна… (А.А.Шифнер академик а, филолог-мотталлархо а хилла. 1856-чу шарахь ца латинин графики тIехь нохчийн алфавит хIоттийна дуьххьара – С.Д.)

Ткъа Петр Карлович Усларан куьйгаллина нохчичо Досов Къедас Iазйина а, арахецна а йолу Абат шен заманахь уггаре а тоьллачарах издани лоруш хилла. Халахеташ делахь а, и болх зорбанера арабаьллачу шарахь дуьйна а лехча халла бен карош хилла бац. Делахь-хIета, Къедин Абат дукха дIаса ца яьржина. Цуьнан бахьана дуьйцуш дацахь а, ойла йича, кхеташ ду.

Къилбаседа Кавказерчу цIейахханчу Iилманчийн, нохчийн йоза-дешар даржорна йуьххьехь лаьттинчеран, уггаре а хьалха, П.К.Усларан а, Къ.Досовн а къинхьегаман лаккхара мах а хадош, филологин Iилманийн доктора, профессора Туркаев Хьасана шен цхьана балха тIехь билгалдоккху: «Паччахьан Iедало гIо ца лецира Петр Карловича йуьхьарлаьцначу дикачу некъан. ХIунда аьлча, Iедална оьшуш дацара лаьмнашкарчу халкъашна йоза-дешар Iамор. ТIехула хаза хабарш а дуьйцуш, Iилманчаша лелош дерг къобалдо моттуьйтуш, суьрташ а хIиттош, паччахьан администраци йанне а йацара цара бохург кхочушдан лууш.

ХIетте а А.Берже а, П.Услар а, кхиболу Iилманчаш а доггаха къахьоьгуш бара лаьмнашкарчу халкъашна йоза-дешар Iамор оьрсийн а, Кавказера а халкъаш вовшашца герга далорехь Iаламат чIогIа маьIне хиларх Россера йоза-дешар хууш, Iилма долуш болу нах кхето гIерташ. ХIетахь Петр Карловича йаздора: «Вай а, ламанхой а дехьа волийла доцчу хина шина агIор лаьттачарах тера ду. Ламанхой хIума довза лууш бу. ГIеметтахIоьттинчарна а эхье ца хета деша Iамар».

…ТIаьхьо Нохчийчохь масех школа схьайиллира. Цигахь Iамабора талмажхой, йозанчаш, белхан кехаташ йаздархой, административни белхахой. Оцу школашкахь Iамор оьрсийн маттахь дIахьош дара. Цу тайппана школаш йехкинера Веданахь, Дишни-Веданахь (цигахь хьоьхуш Досин Къеда вара – С.Д.), Гихтахь, Хьалха-МартантIехь, кхечанхьа. Ишттачу гIуллакхашна Iамор дIахьора 1873-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь схьайиллинчу школа-интернатехь а.

ХIХ-чу бIешарахь Нохчийчохь дIахьош хиллачу халкъана йоза-дешар Iаморан, нохчийн мотт а, барта кхолларалла а талларан боламо некъ белира халкъана йукъара Iилманчаш, маттаца бала берш бовларна. Уьш вайн йоза кхоьллина ца Iаш, оьрсийн а, дуьненан а халкъашца зIенаш, уьйр-марзонаш тасаре доккха хьашт долуш, и дан боккха лаам болуш бара. Оцу некъа тIе хIоьттинчарах цхьаъ вара Досов Къеда. Шен заманахь нохчашлахь уггаре а дукха къахьегнарг ву иза нохчийн йоза йукъадаккха гIерташ. Цундела ларамза дац нохчийн дуьххьарлера Абат арахеца цуьнан аьтто баьлла хилар. Ша милицин прапорщик хиллехь а, жимачохь дуьйна халкъан барта кхоллараллех, аьхначу маттах, меттан башхачу озех воккхавуьйш кхиъначу цуьнгахь вуно боккха лаам хилла вайн халкъана йукъахь йоза-дешар даржо. Оцу лаамо кхачийнера иза П.К.Усларна тIе а. Оьрсийн Iилманчица тасаделлачу гергарлонан тIаьхье вайн дерриге а халкъана беркате хилира.

… Тахана ненан мотт Iалашбарна, кхиорна, марзбарна леррина тидам тIебахийтинчу муьрехь вайна эхь ду Досов Къеда санна болу вайн къоман дика кIентий, хьекъале нах бицбича. Ма дика хир дара цуьнан цIарах школа йа урам хилча.

(Материал зорбане кечйеш пайдаэцна Нохчийчоьнан Къоман музейн отделан заведующи хиллачу М.Гортикован материалах)

С.ДАДАЕВ, филолог