Ненан мотт 

Хьо муха ца беза, дуьххьара  довхачу дешнашца нанас хьо хьоьстуш  хилча ненан маттахь?!

Дуьххьара ахь олу дош ненан маттахь хилча? Цунна а шен нанас и бийцина хилча?..

Аганан иллица ненан матте безам кхуллуш хилча?

Аганан иллица хьайн Даймахке безам кхуллуш, хьайн халкъе безам кхуллуш, дайн Iадаташ лардан ненан маттахь Iамош хилча?..

Дуьнен чохь мел долу адам кхоьллина Сийлахьчу Дала, хIора халкъана совгIатана  шен-шен мотт белла. Ца белла вовшашца къийсийта, цхьаъ вазвеш йа важа сийсазвеш…

Цхьа дитт, йа итт дитт хиларх хьун ца хуьлу, йа цхьана олхазаро бIаьсте а ца йохьу…

Муха безар бац шен ненан мотт, нанас  хазачу дешнашца, беркатечу куьйгашца кхача буьллуш хилча, доIица хьо воьхуш хилча, ховхачу куьйгашца мотт буьллуш хилча?..

Ненан меттан аьзнаш хеза-кх хьуна бухдуьйлучу шовданехь, байн хьоькхучу махехь, догIучу догIанехь, олхазарийн декарехь, лестачу хьаннашкахь, токхечу аренашкахь, берийн дуьххьарлерчу аьзнашкахь, Iаьнан лайн чимашкахь, бIаьстенан зазанехь, аьхкенан йовхонехь…

Ма хьал долуш мотт хилла-кх вайн, тIемашца хIаллакдарх, вайн гIишлош, йарташ, хьаннаш йагайарх, вайн истори лечкъайарх, вайн бу бохху къонахий хIаллакбарх, ца  леш таханлерчу дийне кхаьчна болу…Хи дIадоьду, амма тIулгаш дуьсу…Зама йоьду, тIулгаш атало, херца гIаланаш, амма халкъ даха дуьсу…

Бан йиш йоцуш берг – иза вайн мотт бу.

Вайн дайша эзарнаш шерашкахь ларбина мотт вай муха ларбан беза, муха сий дан деза хаа дезара вайна.

Дагна лан хала ду, ненан мотт, хьо кху бIешарахь бан герга баханчарна йукъахь бу бохург. Амма мел халахеташ делахь а, тахана хIоьттинчу хьоле хьаьжча,  кхерало со. Iадайо.

Аса-м хьо сайн дахаран къилба дина дIахоттийнера, массо а беран хьоьга безам кхолла сатийсинера… Суна-м моьттура, со сайн Iалашоне кхаьчна йели. Амма хIунда тилабели-те дай-наной, ненан мотт чохь бийцича тоьаш  ду бохуш.

Iамат эца ахча дац бохучара хIунда оьцу-те тоьлла телефонаш шайн берашна? Цу тIехь цара диканиг-м ца лоьху. Буьйсанна наб а ца йеш, цу чу хьуьйсуш бу дукхахберш.

Ненан мотт, ма хьал долуш, йерриге дуьненан къайленаш йасталур йолуш бара хьо…Хьан къайленаш хьоьца йу-кх, «исс  маьIна» дасталур долуш… Хьо хIаллак ца бича, къам хIаллакдалур дац… Хьан истори, хьан къайленаш-хьуна чохь йу.

Хьан йоза ца хилла бохучарна тешнабехк хуьлуш бу… Хьан тептарш хIаллакдинчарна хаьийла, хьо берриге а меттанел шира буй а, хьал долуш буй а…

Дуккха а шераш хьалха радиочухула  цкъа  передаче ладоьгIнера ас.

ЧIогIа сих-дагах хьакхаеллера и передача. Фамили Юсупов йарий-те, цIе дага ца йогIу. Меттан Iилманча а вац элира иза. Амма цо ойла самайаьккхира. Вайн нохчийн дешнийн маьIнаш достура цо. ХIун де? («Что делать?») ХIу де! («Сей семя!»), догIа (дождь) – догIа (ключ) дождь – ключ к урожаю… Пхьарс (пхьеран – са)… Лерг – лерган са…

Цул тIаьхьа иштта дешнийн маьIнаш леха йолайелира со.

Бераша хаттар дира цкъа: «Ходуноках хIун олуш хилла хьалха?»

Бер когадохуьйтург йу элира ас. Хетарг. Шина шарахь лийхира берашца, дай-наношца цу дешан маьIна, ходуноках хIун олу бохуш. Хиттира Iилманчашка, дошамаш хIиттийнчаьрга.

Жоп карийра дагахь а доцчохь. Цхьана конференце кхайкхинера со Хасавюьрта, Нохчийчуьра баьхкина хьеший а бара. Касимов ВахIида соьга дийхира дош алар. Со йистхилла йаьлча, аса хаьттира цу дашах лаьцна… Бурчаев Хьалима кехата тIе «Зазакъ» йаздира. Массарна а хазахийтира, ткъа суна сайна дуьненан хазна карийча санна хазахийтира. Сан дешархошна хаза кхаъ хилира цунах.

Стом хилале хьалха хуьлуш долу заза санна, берана дуьххьара ког баккха Iамочух «зазакъ» алар а нийса хийтира. Иштта  лоьхура оха берашца дешнаш, церан  маьIнаш.

Вай, иштта, хIораммо а, цхьацца дош лардича а, карийча а, вайн меттан тIорказ дуьзна лаьттар дара. Дешархойн матте безам а кхоллалур бара.

Дешархошца иштта талламаш бан дуьйладелира тхо.

Даре дира, вайн йоза хилла ца хиларх, вайн алфавит ширачех хилла хилар.

Ца хилча, муха хила йиш йу вайн хIора хьаьркехь алфавитан дешан  цхьаъ йа масех маьIна, Iаьрбойн маттера тIеэцна ф элпехь, щ доцчехь?

Цкъа цецбовлура дешархой, тIаккха ойлане бовлура, тIаккха церан  йаххьаш йекхалора, шаьш мотт  толлуш болчарах тарлора.

Сайн матте безам кхуллуш язйина ю сан хIора байт нохчийн маттах. Уьш йийцаре еш ю Нохчийчуьра школашкахь а, хьехархоша а. Йоккхаеш ю, Нохчийчуьрчу  Нохчийн меттан хьехархойн  Ассоциацин декъашхо суо хиларх а, кху тIаьхьарчу 3–4 шарахь нохчийн меттан хьехархойн тобанехь хиларх а.

Iилманан хIорда чохь цхьа тIадам бен  бацахь а, догдоху сайл тIаьхьа ала довха дош  дуьсур ду аьлла  а, сан ненан матте, сайн халкъе  безам хиллий хаийта а.

Дала нийса некъ хьоьхийла!

Цу новкъа дIадаха могашалла а, доьналла а лойла вайна  массарна а!

Мотт кхиорехь, ларбарехь сан хилла ойланаш байташкахь йовзийтина ас.

Ткъа урокашкахь тайп-тайпана некъаш, кепаш юкъаялайо.

Классал арахьара болх  музейшка, экскурсе дахарца, кхин а тайп-тайпана белхаш барца бо.

 

Ненан мотт, хьо хилла

Ницкъ  суна белларг,

Синкхача ша хилла –

ТIемаш а делларг.

Сирлачу седане

Сан ойла кхачош,

Цу маьлхан зIаьнаршца

Уьш дIа а юьйцуш.

Ненан мотт, хьо хилла,

Дог-ойла гIаттош,

ГIиллакхан гурахь а

Даима латтош.

Арахь, чохь, ломахь а,

Хьо хезча буьйцуш,

Цу  стиглан Iаьршашка

Са  тIомадолуш…»

Татаева Хьурмат,

Дагестанерчу Хамавюьртан кIоштан Хамавюьртарчу «А.М.Аджиевн цIарах Хамавюьртан юкъарчу дешаран школа» МБОУ-н нохчийн меттан а, литературин а хьехархо