Оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь вайн республикехь билгалдоккху Нохчийн меттан де. Цу хьокъехь Нохчийн Республикин Президентан №207 Указ зорбане даьлла «Даймохк» газетехь 2007-чу шеран хIутосург (май) беттан 11-чу дийнахь.
Указ арадаккхарца вайн республикин лакхарчу Iедало гайтина нохчийн маттаца йолу шен йукъаметтиг: вай цуьнан сий-пусар дан дезар, Iамон безар, цунах билггал пачхьалкхан мотт хиларе кхача дезар. Нохчийн мотт буьйцуш а, Iамош а, и бийца лууш волчунна дезде хилла дIахIотта деза иза, дуьненан муьлххачу маьIIехь вайн къомах стаг велахь а.
Къам кхетош-кхиорехь а ондда гIирс бу мотт. Ненан матто Iамадо вайна Даймохк беза, вайна нохчийн оьзда гIиллакхаш, ламасташ, дуьненан а, адаман а хазалла йовза.
«Даймохк безаш, хьайн къам лоруш,
Нохчийн мотт а ларбелахь!
Меттан сийдеш, дада лоруш,
Ненан дог ахь хьасталахь!»
Дуьненна а хууш ду къам ненан матто латтош хилар. Хийла дика кIант ваьлла вайн къомах, вайн Ненан мотт хестош. Цунах лаьцна дуккха а йаздина, йаздеш а ду.
Нохчийн меттан хазаллех, цуьнан сийлаллех, дозаллех, мехаллех дош олуш йаздархой, хьехархой, бахархой дуккха а бу вайн. Иза иштта хила деза, иза сийлахь ду. Муьлххачу къоман а уггаре а коьрта билгало, иза кхечу къаьмнех къастош дерг, цуьнан шатайпаналла гойтург мотт бу. Шен ненан мотт бицбина вахар – иза маьттаза вахар ду.
1944-чу шарахь, вай махках даьхначу хенахь, 13 шарахь кхечу къаьмнашна йукъахь Iийна вай. Амма хаа ма-беззара нохчийн мотт хууш бара кхузара дIабигна кхиазхой а, цигахь дуьненчу бевлларш а. Цул сов, кхечу къаьмнийн меттанаш а хаьара царна. Инзаре, тамаша баллал боккха болх хилла иза. Ткъа бахьана хIун ду? Дера ду, шаьш мел халачу, чолхечу хьолехь баьхкинехь а, вайн дай шайн меттан доладан доьналла долуш баьхна хилар.
Нохчийн халкъах, нохчийн махках хаьдча, амал дац-кх вайн. Вахар, валар шайн Даймахкахь лоьхуш, баьхна вайн оьзда дай. Мотт – иза гIиллакх-оьздангаллин бух бу, иза вайн истори йу. Нохчийн маттаца ду вайн къоман иэс, гIиллакх-оьздангалла.
«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт кIорггера хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисйан а, хIуманах бакъонца кхета а, литературин меттан бакъонаш дика йовза а, меттан Iилманан законех кхоччуш кхеташ хила а веза. Къамелан оьздангалла мотт нийсий, хазий, оьздий бийца хаарх йозу» – аьлла меттан говзанчас, профессора Джамалханов Зайндис.
Литтина деши санна, мотт цIанбинарг, мазал марзбинарг вара иза. Нохчийн мотт ша, ламанан хьоста санна, цIена, исбаьхьа, безамехь товш буьйцуш бара вайн нохчийн гIарабевлла йаздархой, поэташ: Ш.Арсанукаев, Б.Саидов, А.Айдамиров, М.Мамакаев, I-Хь.Хатуев.
Доцца аьлча, вайн нохчийн литературин бIогIамаш дара уьш. Дала гечдойла царна! Ткъа ламанан хьоста иза лардеш, доладеш хила дезаш ма ду, цунна тIедоьлху некъаш ширдала, тишдала йиш ма йац! Иштта, Ненан мотт а, вай ларбан безаш бу! Бийца а беза, беза а беза, Iамон а беза берашна.
Нохчийн мотт шен туьшахь латтон ницкъ тахана болуш бу вайгахь. Арахьара йукъатийсина сакхталлашший, вайн вешан бехкенна вайна йукъахь дебна ледарлонашший, мало йоцуш къахьегахь, вайга дIайахалур йу. ТIаккха вайн кхане а хир йу, ткъа вайн халкъ, шен сибатах, вастах доьхна а лелар дац.
ХIора дас шен доьзалхо Нохчаллин гурашкахь кхиавахь, вайх вайн мехкан дай хир ду, вайна йукъара харцонаш дIайевр йу, ткъа нохчех, лаккхара кхетам болуш къам кхуьур ду.
Дала мукъ лахь, хьуьнар долуш, меттан сий-пусар деш, уьйр-марзо йолуш, мехкан Да а ву вайн, иштта хьуьнаре кьаной а бу сий-лараме синмехаллаш ларйеш, царна тIетийжаш, кьоман доккха дакъа ду вайн. Дала аьтто бойла вайн! Ас даггара декъалдо дерриге а нохчийн халкъ доккхачу дезачу денца – Нохчийн меттан денца!»
Абдырашитова Маьлх-Аьзни, Шелан йуккъерчу №9 йолчу школин ненан меттан хьехархо, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо.
