Ненан мотт кхиорехь – мехала гIулч

Муьлххачу къоман а уггаре а коьрта билгало йу цуьнан мотт. Иза дIабаьлча, къам шен орамах хеда, ши-кхо чкъор хийцадала кхиале. Дицло гIиллакхаш, дайн Iадаташ. Оцу адамийн тобанах, уьш мел дукха хиларх, шайн орам боцу (ца бевза) манкIураш хуьлу. КIур байна адамаш. Ма йоккха дакъазалла йу иза. Ма вала де ду иза. цунах кхета ца тигна бIеннаш халкъаш дайна дIадевлла, кхечарах дIа а ийна.

Йукъара дIабаьлла мотт йуха денлуш бац, йелла хIума ден а муха лур йу.  Денлойла ма дац иза. Тахана а хIокху дуьненахь дуккха а меттанаш ду тIаьххьара садоьIучу хьоле кхаьчна, тесна дитина, халкъан бала боцуш дисина. Цуьнан коьрта бахьана ду оцу халкъийн дукхахболчу векалша: «Иза-м оьшуш бацара. Цуо-м киса ца дузура. Ненан мотт Iаморо-м дахарехь цхьа а аьтто ца бора…» бахар, и ойла йукъараллехь чIагIйалар.

Ткъех шо хьалха вайн нохчийн мотт а эшна боьдуш бара. Иза оьшуш бац  аьлла хеташ берш бара, нохчийн мотт цахаар, цабийцар дозалла хеташ берш а хаалора. И хьал кхин а галдаьлла, эшна дIагIур долуш дара Нохчийн Республикин къона Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Iилманчийн а, йаздархойн а цхьа кIеззиг тоба а ненан меттан бала болуш а, оцу матто дахарехь лелош долу маьIна девзаш а ца хиллехь. Сила йолчу Россехь Кадыров Рамзана дуьххьара Нохчийчохь ненан меттан де дIакхайкхийра шен указаца 2007-чу шарахь. Иза Iаламат боккха хилам а, нохчийн мотт безачарна боккха кхаъ а бара. Кхаъ хилла а ца Iара. Доккха совгIат дара, боккха йуьхькIам бара кхечу халкъашна хьалха, дозалла дара.

Цул тIаьхьа хIора шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь Нохчийчоьнан йерриге а йарташкахь, кIошташкахь, школашкахь, ур-атталла берийн бошмашкахь а даздеш ду нохчийн меттан де. Оцу денна дукха чIогIа кечло нохчийн дерриге а халкъ аьлча а харц хир дац. Бакъонца нохчийн мотт бийцаран, бовзийтаран, марзбаран де хуьлий дIахIутту и де.

Кадыров Рамзанан оцу указо керла шовкъ йелира кхин а лакхарчу жигараллица къахьега нохчийн меттан Iилманчашна, йаздархошна, нохчийн маттахь йаздеш болчу журналисташна, кхечарна, лакхадаьккхира церан жоьпалла. Цуьнца цхьаьна Нохчийчохь боккха болх дIаболийра нохчийн мотт Iалашбарехьа, кхиорехьа, къоначаьргахь цуьнга марзо, безам кхолларехьа, нохчийн меттан Iилма кхиорехьа.

Оцу декъехь динчу коьртачу гIуллакхех цхьаъ ду, цхьа а шеко а йоцуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан волчохь нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташо вовшахтохар. Цу хьокъехь леррина указ арадаьккхира. Кхеташонна коьрте хIоьттира, оцу гIуллакхах чIогIа доглозуш волу Кадыров Рамзан. Цуьнан заместительш хIиттийра Байсултанов Идрис, Байханов ИсмаьIал, Умаров Джамбулат, Дааев Хож-Бауди, ткъа кхеташонан жоьпаллин секретарь – Умхаев Хьамзат. Кхеташонан декъашхой хаьржира Iилманчаш Гапуров ШахIруди, Овхадов Муса, Халидов Айса (Муса), Навразова Хьава, Вагапов Iаьрби, Иризиев Сайд-Хьамзат, цхьамогIа кхиберш – верриге а 16 стаг. Лакхахь йаьхначу цIераша тоьшалла деш ма-хиллара, республикера уггаре а тоьллачарах болу нохчийн меттан Iилманчаш бахийтира кхеташонна йукъа.

Цул тIаьхьа дIайаьхьначу вовшахтохараллин кхеташонехь билгалдехира нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а хьалха дан деза гIуллакхаш. Ненан мотт бийцарехь а, оцу маттахь йаздарехь а гал-морзахаллаш хилар, цхьадолу дешнаш масех кепара йаздеш хилар нийсайаздаран цхьайолу бакъонаш мотт кхиаран лехамашна жоп луш цахиларца доьзна хилар хьесапе а эцна, сацам бира хьалхарчу рогIехь нийсайаздаран керла бакъонаш хIитторна, йолуш йерш цхьана къепе йерзорна тIехь болх сихонца дIаболон.

Оццу кхеташонехь вовшахтуьйхира нохчийн меттан нийсайаздаран коьртачу бакъонашна тIехь болх бен йолу белхан тоба. Цунна йукъабахара Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран  а экспертийн кхеташонан декъашхой: М.Овхадов, А.Халидов, I.Вагапов, С-Хь.Иризиев, Н.Альбеков, Хь.Умхаев, С-Хь.Дадаев, И.Солтаханов, I.Байдаева, А.Абдулкадыров.

Де-буьйса ца лоьруш къахьийгира цара «бакъонаш» кечйарна тIехь. Оцу декъехь шайн заманахь З.Джамалхановс, А.Мациевс бинчу вуно мехалчу, маьIнечу балхо боккха аьтто бора оцу гIуллакхан эвсаралла лаккхара хилийтарна. И чолхе а, хала а, жоьпалле а болх Iилманчаш бина бевлира 2020-чу шеран аьхка. Мотт Iалашбарехь, кхиорехь доккха маьIна долуш болу и болх зорбатохале хьалха шуьйра бийцаре байтира дешаран а, Iилманан а, культурин а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн зорбанан, хаамийн а министерствошкахь. Царна хеташ дерг хьесапе эцначул тIаьхьа бен «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш», зорбатоьхна, ара а ца хийцира.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, Нохчийн Республикин Парламенто а къобалйина и «бакъонаш». ХIокху шеран кхолламан (январь) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна керла бакъонаш гIуллакхдан йуьйлайелла. Оцу бакъонашца, арадолуш ду, масала, «Даймохк» газет. Берриге а бохург санна, журналисташ хIинцале боьлла бакъонех, царна цхьана а тайпа хало цахаало оцу бакъонашца йозанаш дарехь. Делахь-хIета, ийза а ца луш, вешан мотт кхиорехь хьалхахьа некъ бан беза вай. Дала аьтто бойла вайн! Дала тIаьхье беркате йойла!

Хь.САИДОВ