Доьзалехь бийцар а
Дастам а хеташ,
Хьо винчу ненан мотт
ДIатесна ахь,
«Сов къен бу дешнашна,
Бац атта кхеташ», —
Бохуш, и сийсазбан
Ца хета эхь.
ЛадогIал цкъа соьга,
«Хьекъале корта»,
ЛадогIал, яккхий дIа
Лергаpa потт:
Йист йоцу хIорд санна,
Бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна
Вайн нохчийн мотт.
ГIиллакхе, оьзда бу,
ДоттагIче буьйцуш,
МостагIче вистхуьлуш –
Ду ира герз,
Хьомечу езаре
Безам ахь буьйцуш –
Бека и, шех хуьлий
Хьан деган мерз!
Мерза бу, моз санна,
Ша безачунна,
Ламанан шовданал
ЦIена бу и,
Лермонтовс, Толстойс а
ЛадегIна цуьнга.
Услара даггара
Хестийна и.
БIешераш хийла дIа
Ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь
Кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана
Совхьанал бецаш,
Даима ша хилла
Нохчийн мотт бу.
Вай халкъан ойланаш,
Дахар а гIийла –
Далхадеш къийсамна
ГIиттийна цо.
Нохчичун майралла,
Оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь
Екийна цо!
Кхидолчу къаьмнашна
Шайниш а санна,
Нохчашна шайн мотт а
Сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь
Хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, —
Хьо цхьалха ву!
Арсанукаев Шайхи