Нохчийн меттан ойлайеш…

1917-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь советийн Iедал тIедогIуш Россин имперехь билггал буьйцуш 193 мотт хилла. Ткъа советийн Iедал олаллера доссош, шайх пайдаоьцу меттанаш 40 бен ца дисна. Мелла а хьесап деш, ойлане ваьлча куьзганахь санна шера гуш ду хIора шарахь шишша  мотт дIаболуш хилар. Цхьана СССР-хь хIора шарахь йукъара дIабаьлла ларалуш бу и ши мотт. Ткъа дерриге а дуьненахь меттанашна хиллачу эшаман чот йина вер вац. Цкъа мацах йалх эзар гергга мотт хилла дуьненчохь. Ткъа тахана церан ах а ца дисина ненан меттанаш, мел халахеташ делахь а.
Цунна хила там ЮНЕСКО-с дуьнене а орцадахар а, хIора шеран чиллин (февраль) беттан 21-гIа де – 1999-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 17-чу дийнахь ЮНЕСКО-с дIайаьхьначу 30-чу генеральни конференцехь Дуьненайукъара ненан меттан де лара сацам тIеэцар а.
Оцу беркатечу дIадолорна чиллин беттан 21-гIа де билгалдаккхар а шен бух болуш ду. 1952-чу шеран чиллин беттан 21-чу дийнахь Бангладеш  пачхьалкхан коьртачу шахьарехь Даккехь демонстраце арабевллачу студентийн полицис цIий Iанорца доьзна ду иза. Вайна хууш ма-хиллара  ингалсан пачхьалкхан олаллех мукъайаьлла иза 1947-чу шарахь. Йаьллачу маршонах пайдаоьцуш Пакистанна лиъна Индех дIакъаста. Пакистанехь пачхьалкхан дин ислам ду.Ткъа индусаш кхечу динехь бу. Делахь а пакистанхой маьрша ца буьтуш, Индин пачхьалкхо 1947–1948-чуй шерашкахь цуьнца тIом бина. Бакъду, къарбалар доцуш пакистанхоша схьайаьккхина шайн маршо, ма хетта цунах пайдаэца дерриге а къаьмнийн цхьабосса бакъонаш ца хиллехь а. Пакистанехь дехаш тайп-тайпана къаьмнаш делахь а пачхьалкхан мотт бу аьлла, урду къоман мотт билгалбаьккхина Iедалан векалша. Цунна реза ца хилла доккхачу къомах болу бенгалаш. Iедалан векалшка дIахьедарш дина бенгалаша шайн ненан мотт урду маттаца бакъонашкахь дIанисбе бохуш. Амма Iедалан куьйгаллехь дукхах берш урду векалш хиларна, бенгалийн дIахьедарш терго йоцуш дуьсуш хилла. ТIаккха 1952-чу шеран чиллин беттан 21-чу дийнахь пачхьалкхан университетан бенгалийн къомах болу студенташ митинге арабевлла транспоранташца, шайн ненан мотт пачхьалкхан маттаца дIанисбар лоьхуш. Студенташна дуьхьала йаьллачу полицис герз туьйхира царна. Шайн ненан мотт бахьанехь Iожалла тIеийцира студенташа. Бакъду, цара арабаьккхина некъ эрна ца хилира. Iедалан харц политика бахьанехь эгна студенташ бенгалийн халкъан иэсехь баха бисира. Полицис цIий Iаноро боккха политикин гIаттам вовшахтуьйхира, масех шарахь Iедалца луьра къийсам латтош. 1956-чу шарахь бенгалийн мотт эххар а пачхьалкхан меттан статусе баьккхира. Амма цунах тоам ца хилира бенгалахошна. Хаддаза дIахьочу къийсаман некъана тIера ца бовлуш, луьра тIемаш беш, Пакистанан эскар гIелдина 1971-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 16-чу дийнахь, цхьаннах йозуш йоцу шайн Бангладеш пачхьалкх дIакхайкхийра цара. Ненан меттан сий лардеш эгначу студенташна хIолламаш хIиттийра Бангладешан йаккхийчу гIаланашкахь. Бенгалаш шайн къоман меттан сий лардеш хьегначу халонаша, лайначу иэшамаша кIорггера ойла йойту вайн нохчийн меттан а.
БIешерийн кIоргенера хIайкал санна ларбеш схьабеана вайн дайша нохчийн мотт. Оьздачу ненан маттахь дина цара шайн къамелаш. Меттан хазаллица кхиош, марздеш, Iалашдеш латтийна, мах боцу беркат хилла таханене схьакхаьчна халкъан гIиллакхаш, ламасташ. Арахьара мостагI тIегIоьртича ненан маттахь хаам беш хилла вайн дайша шайн бIаьхаллин накъосташка. Буьрсачу тIеман арахь турпала воьжнарг ненан маттахь тIаьххьара дош олий лахьтин кийра верзош хилла. Ткъа безам нохчийн къонахаша буьйцуш, зевнечу мукъаме боьрзучу ненан матто шен бос керчачу хазаллица бошмашкара зарзарш цецдохуш хилла, дерриге а Iалам ладоьгIначохь дIатуьйш хилла, мехкарийн дог-ойла, лерса хьоьстучу аьзнаша тIома йоккхий, генарчу аналлехула дIайуьгуш хилла.
Нохчийн мотт, иза Хастам хиларо кхечу къаьмнех вай къастош дина деза, доккха совгIат ду. Нохчийн мотт – иза вайх хIораннан аганан илли ду, нанас дуьххьара аьлла. Нохчийн мотт – хьо дуьненчу валарх кхаъ хиллачу верасаша боккху ловца бу. Нохчийн мотт – иза воккхачу дадин хьалхалерчу заманах долу исбаьхьа къамелаш ду. Бабин туьйранаш ду. Гена новкъа хьо волуш хьан дас хьуна беш болу хьехам бу. Лахьтин кийра верзочу дийнахь хьох олу довха дош ду. Цундела ларбина ненан мотт вайн дайша йоIбIаьрг санна. Ларбар тIедуьллуш вайга схьакхачийна.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махка къинхетамза хьаьвзиначу бохамаша гIело йира вайна массарна. Буьрсачу тIеман цIаро йохиийра мискачу адамийн хIусамаш,  школаш, больницаш, пачхьалкхан кхийолу гIишлош. Лаьттаца дIаэйира Нохчийчоьнан коьрта шахьар – Соьлжа-ГIала. Дийцина ца валлал дукха дара адамашна хилла зенаш. ХIора йуьртахь шорйелла дIахIиттира кешнийн керташ. Эшам ца хуьлуш ца бисира нохчийн мотт а. Луьрачу тIамо дуьненан массо маьIIехула дIасадаржийначу адамийн кхечу къаьмнийн меттанаш Iамон дийзира, мел халахеташ делахь а, дукха йогIура церан берашна нохчийн мотт ца хууш меттигаш. Кхин гIоле дацара кху цIахь долу хьал.

ХХI-чу бIешеран йуьххьехь ЮНЕСКОС орца даьккхира дIадовш лаьттачу меттанашна нохчийн мотт йукъабаха дукха хан ца йисна аьлла. Шийла кхаъ бара иза. Нохчийн халкъ а, цуьнан мотт а безачеран дегнаш Iовжош. Амма Хастам хиларан АллахI-Делан къинхетам боккха бу. Ша схьаваьлла нохчийн халкъ а, цуьнан мотт а дукхабезаш хиллера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2007-чу шеран оханан (апрель) беттан 11-чу дийнахь цо арадаьккхира «Нохчийн меттан дийнан хьокъехь» номер №207 йолу Указ. Цуьнца нийса а догIуш хIора шеран оханан беттан 25-чу дийнахь вайн махкахь шуьйра билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де. И де даздар дIадахьа кечло школаш, берийн бошмаш, лаккхарчу дешаран кхерчаш, театраш, концертийн залаш, шуьйрачу хаамийн гIирсаш. Нохчийн Республикин массо а радио а, телевидени а эфирехь хезаш нохчийн мотт хуьлу цу дийнахь. Массо а газет нохчийн маттахь арадолу хIора шеран оханан беттан 25-чу дийнахь. Шен къоман меттан тIалам бар ду иза, цуьнан сий лакхадаккхар ду.
Нийса хир дацара Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къоман мотт хаддаза семачу Iуналлехь латтор тидам боцуш, йа хийцамаш боцуш дисина аьлча. 2003-чу шарахь, ЮНЕСКО-с гIо-накъосталла деш, Россин Iилманийн академин мотт бовзаран (языкознания) институто биначу талламашца билгалдаьллера Россехь кестта дIабовр болуш 136 къоман мотт хилар. Царна йукъахь бара нохчийн мотт а. Уггаре а хьалха, школашкахь ненан мотт Iамош дешархой кIеззиг хиларца доьзна дара иза. Дуьненан муьлххачу маьIIехь, цигахь дехачу къоман берех 70 процент ненан мотт Iамош дацахь, и мотт йукъара дIабаларна кхерам бу. Ткъа вайн бераш цу муьрехь тIамо дуьненан массо маьIIехула даржийна дара, ненан мотт Iамон йиш йоцуш. Делан къинхетамца, тIом дIабаьлла, дукхах долу вайн бераш цIахь ду. Йаккхий бегIийлаш кхоьллина нохчийн мотт Iамо луучунна. БIаьрла хийцамаш бу ненан мотт Iаморехь. Цундела нохчийн мотт Россин Iилманийн академин мотт бовзаран институто билгалдаьккхинчу терахьна йукъахь бац. Нохчийн мотт цкъа а бовр бац, Дала мукъ лахь! Бакъду мелла а вас латтош цхьа сингаттам бу. И сингаттам вайн школашкахь нохчийн мотт Iаморан сахьташ Iаламат кIезиг хиларца боьзна бу. Делахь а нохчийн мотт кхуьуш, беркате зазахецна, серлаболуш бу. Цунна къеггина тоьшалла ду нохчийн мотт безаш а, цуьнан сий деш а, иза кегийрхошна марзабарехь  хьанала къахьоьгуш, къоман литературица уллера гергарло долуш тIекхуьуш поэтийн а, прозаикийн а къона чкъор хилар. Церан говзарша гойту нохчийн маттана гIароле дIахIотта кечделла къона чкъор хилар. Иза доккха совгIат а, мерза кхаъ а бу ненан мотт мел безачунна!

Газиева Аза