Нохчийн мотт ларбарехь йоккха чIагIо хилла лаьтташ ду «Даймохк» газет

Со дукха жима волуш дуьйна хезна ву Нохчийн Республикехь вайн маттахь зорбане долучу йукъараллин а, политикин а « Даймохк» газетах лаьцна.  Бакъ ду хIетахь «Ленинан некъ» аьлла арадолуш дара иза. ХIетахь наха газет лерина доьшура, оцу тIехь бевзара царна керла хаамаш а. Газетехь болх бар а йоккха сийлалла йара бохуш дуьйцу цуьнан кхолладаларан  истори дика йевзачара.

Тахана а оцу газето вайн бахархошна хазачу ненан маттахь бовзуьйту Нохчийчохь а, Россехь а хуьлуш болу йукъараллин а, политикин а хаамаш, йаздо вайн къоман историх, культурах лаьцна.

Хууш ма-хиллара, «Даймохк» газет дуьненахь а нохчийн маттахь арадолуш цхьаъ бен доцу газет ду. Иза кхолладелла 1923-шарахь. Кху шарахь 99 шо кхаьчна цуьнан.

Шайн дахаран дуккха а шераш цу газетехь бечу балхана дIаделлачу йаздархоша дийцарехь, аттачух ца хилла цу газетан некъ. Дуккха а тайп-тапанчу заманашкахь хилла халонаш шен халкъаца цхьаьна лан дезна цуьнан шен сийлахьчу, бехачу новкъахь.

Тахана а «Даймохк» газет нохчийн мотт ларбан йукъ йихкина арадаьлча санна, къар ца луш, цунна гIаролехь йоккха чIагIо хилла лаьтташ ду. Оцу газетехь болх бечу йозанан говзанчаша вайн оьзда, кIорге йолу, ненан мотт бовзуьйтуш а, кхиош а, йозанца охьабуьллуш къахьоьгуш дацахьара, долчу тIе а чолхе хир дара аьлла хета вайн маттаца долу хьал.

Цундела хIора а нохчичун декхар ду шен мотт безар а, оцу маттахь арадолучу газетан сий дар а. ХIунда аьлча, вайн къоман амал а, цуьнан хаза гIиллакхаш, Iадаташ шен ненан маттахь санна кхачам боллуш кхетош дийца лур дац, цхьана а къоман маттахь.

Билгалдаккха деза, тахана «Даймохк» газет деккъа вайн махкахь хилла ца Iаш, дозанал арахьа а гIарадаьлла хилар. Иза боккха кхиам бу, газет дезаш а, лоруш а, халонехь а, аттонехь а цуьнца цхьана гIулчаш йохуш денна лехамашкахь мало йоццуш къахьоьгуш схьабогIучу цуьнан белхахойн.

Цундела «Даймохк» газет летта чиркх санна къегина дехаш ду шен зорбане йуьйлучу агIонаш тIехь вайн къоман дахаран хиламех лаьцна дуьйцуш. Дала тIаьхье беркате йойла!

МАДАЕВ Анзор