Сагатдечух

«Мотт дIабаьлча – къам а дIадер ду, иза хилийта йиш йац!»

«Йукъара дIадовлуш долчу меттанийн тобанна йукъахь бу нохчийн мотт а. иза вайна боккха бохам бу, цунна вай резахуьлийла дац. Мотт дIабаьлча – къам а дIадер ду. Цунах дика кхеташ вара Нохчийн Республикин хаьлахар Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо олура: «Халкъ, къам санна дехар ду цо шен мотт а, культура а мел Iалашйо», – йаздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь.

Цо йеарин дийнан кхеташо дIайаьхьира нохчийн мотт Iалашбаран а, марзбаран а, баржоран а гIуллакхашкахула. «Оцу декъехь боккха болх дIабаьхьнехь а, вай хIинца а бан безачу белхан йуьххьехь бен дац», – аьлла регионан Куьйгалхочо.

Кхеташонехь ладуьйгIира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун, Терминологин комиссин председатель Таймасханов ГIаласан докладе. Цо дийцина ма-хиллара, республикехь болх беш йу Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолу нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташо а, терминологин комисси а. Экспертан кхеташонан белхан тобано 2019-чу шарахь нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш кечйина, уьш чIагIйина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун указаца. Оцу бакъонийн буха тIехь йуха арахецна регионан школашна хьалхарчу классера 11-чу классе кхаччалц йолу нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш. Иштта, арахецна нохчийн меттан нийсайаздаран, 10 томах лаьтта, йоккха дошам. Дошамна йукъадахана 140 эзар сов дош а, цхьа миллион сов дешнийн кепаш а. карарчу хенахь чекхдоккхуш ду нийсайаздаран, цхьа том йолу, дошам кечйар. Иза дешархошна а, бахархошна а лерина йу.

«Ас баркалла элира и дика а, чIогIа оьшуш а долу гIуллакх деш мел волчунна. Амма, цуьнца цхьаьна билгалдаьккхира, вайн хьолехь дошамаш а, книгаш а арахецар кхачаме цахилар. Жимачохь дуьйна, бераш берийн бошмашка лелаш долчу хенахь дуьйна дIаболон беза царна ненан мотт Iаморан болх. Цу тайппана болх дIабахьа беза школашкахь а, ур-атталла – вузашкахь а. Нохчийн маттахь тайнигийн спектаклаш хIиттон йеза, мультфильмаш йаха йеза. Аьлча а, пайдаэца беза, нохчийн мотт Iалашбан а, кхион а йолчу йерриге а таронех. Доьзалшкахь буьйцуш берг а, коьртачунна, ненан мотт хила беза. Иза Iаламат чIогIа мехала ду. И ца дахь, вайна уггаре а мехала дерг – вайн халкъан мотт а, культура а доцуш дуьсур ду вай», – чIагIдира Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо иштта тIедиллира «Даймохк» газетан 100 шо кхачар даздарна кечамбар. Иза баккъал а боккха хилам хилла дIахIотта деза. Вай иза даздийр ду, тIедогIучу шарахь, Нохчийн меттан дийнахь», – элира Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ