САГАТДЕЧУХ

Мотт иэбар дика дац

ХIокху доккхачу дуьненахь дуккха а тайп-тайпана меттанаш ду.               ЧIогIа гIарадевлла меттанаш а ду, гIийла меттанаш а ду, дуккха а хьалха дIадевлларш а ду. Оцу дIадевллачу меттанех хила кхерам бу вайн ненан мотт а, нагахь санна вай цхьажимма а цунна тидам ца бахь. Нохчийн маттана уггаре а чIогIа зен деш дерг ду, нохчий тайп-тайпанчу мехкашкахь баьржина хилар. Оцу мехкашкахь нохчаша лаххара а ши мотт буьйцу: шаьш бехачу мехкан пачхьалкхан мотт а, нохчийн мотт а. Ишттачу меттехь зен хIун ду вай алахь – нохчийн мотт цIена ца бийцар ду.

Дукха хьолахь, къамел цхьаъ хуьлу, амма и къамел шина маттахь нисло. ТIаккха цу къамелан чам байлой, цунах цхьа гIурт хуьлу. Цул а дог Iовжош дерг ду цу шина маттах цхьа мотт цакъастабар. Вуьшта аьлча, ала дашна, цхьа стаг ву нохчийн а, Iаьрбийн а мотт хууш, амма цуьнгара цхьа мотт дIаэцахь, цунна кхоччуш къамел дан а хуур дац, и ши мотт цхьа мотт болуш санна вовшашца цо иэбина хиларна. Цундела, и ший а мотт вовшах къасто а йиш йоцуш, цхьаьна буьйцу. ТIаккха иза мел боккха эшам а, йуьхьIаьржо а йу вайна!..

Цхьаболчарна хетало иза вайн мотт гIийла хиларан билгало йу аьлла, вайн мотт кхидолу меттанаш санна, атта мотт бац аьлла. И бакъ дац! Вайн мотт вайна ледара хаарна бехке вай хила деза, вайн мотт хила ца беза.

Нохчийн сийлахьчу йаздархочо Арсанукаев Шайхис вайн маттах лаьцна йаздина: «…Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта…». Вайн мотт ширачу меттанех бу, бIешерашкахь дуьйна таханлерчу дийне кхаччалц кху дуьненахь бекаш бу иза. Делахь а, и мотт вайн дайша йина хилла бIаьвнаш санна, чIогIа мотт бу аьлла билгало йац иза? Цхьана хенахь дIабевллачу меттанех хир бара вайн мотт а, Ш.Арсанукаев санна болу йаздархой вайн ца хиллехьара. Ненан мотт дика бийца ца хуучо, иза Iамо беза шена, гIалаташ а хир ду, уьш дIадаха хьажа веза, бехке верг ша вуй хаа деза. ТIаккха кхетар ву и Арсанукаев Шайхис аьллачу дешнех.

Нохчийн мотт вайн дайша шаьш шайна тIелаьцна доккха декхар хиллера. Цара и декхар кхочушдеш, вайга хIара оьзда мотт схьакховдийна. Тахана и беза мохь вайн гехь бу. Делахь а, Шайхис оццу байташкахь ма-аллара, вайн мотт «…мерза бу моз санна, ша безачунна».  Беза мохь белахь а, вайна марзалур бу иза, вай цунах кхетахь, тIаккха вайна цуьнан хазаллин къайле а йевзар йу. Цунах дозалла деш, вайн дайша ларбина хилла некъ ларбан беза вай. Таханене атта ца кхаьчна нохчийн мотт. Делера деза совгIат ду и. Вайн наноша цу маттахь илли олуш техкийна вайн аганаш, цу маттахь Iамийна вайна ког баккха, цу маттахь аьлла вай дуьхьарлера дешнаш, тIаккха мел сийлахь бу вайн ненан мотт?!..

Къамелехь нохчийн мотт кхечу меттанашца  иэбар вайн мотт чIогIа талхош хIума ду. Хийрачу пачхьалкхашкахь хилла ца Iаш, Нохчийчохь а ду и чолхе хьал. Вай хIинца сама ца довлахь, вай леррина тидам ца бахь, вай цунна херлур ду. Мотт дIатосур бу, цунна гена девр ду. Мотт дIатесча, цунна гена девлча иза дIабаларх кIелхьарбаккхалур буй а ца хаьа.

ШИРДО Мохьмад