Махмаев Жамалди
«Даймохк» (хьалха – «Серло», «Ленинан некъ») газето ша диллинчу йуьххьехь дуьйна боккха болх бан а бина, хIинца а бан а бо нохчийн мотт, литература, истори, культура, къоман гIиллакхаш, Iадаташ бахархошна шуьйра довзийтарехь а, кхиорехь а. Жигара дакъалаьцна 1944-чу шарахь нохчий цIерабаьхна хан йаьллачул а, дIадаханчу бIешеран чаккхенеххьий, ткъе цхьолгIа бIешо долалушший Нохчийчохь тIемаш хиллачул а тIаьхьа республика шен даима а хиллачу дахаре йухайоьрзуш, къомана доккха маьIна долуш йолу и мехаллаш меттахIитторехь а, Iалашйарехь а. Редакце болх бан богIуш берш а хуьлура нохчийн мотт, къоман гIиллакхаш дика девзаш а, дукхадезаш а, уьш кхиорний, довзийтарний шайн ницкъ ца кхоош, болх бан лаам а, хьуьнар а долу нах. Царах цхьаъ вара тIаьхьа республикехь дика вевзаш волу журналист, йаздархо, хьехархо-Iилманча хилла волу Махмаев Жамалди. Кхузахь дало лаьа иза жима волуш дуьйна нохчийн мотт а, йоза а даггара дезаш хилла хиларна тоьшалла деш долу цуьнан дагалецамашна тIера дешнаш:
– Суна «Даймохк» газет дIадоладелла генарчу Казахстанера – «Къинхьегаман байракх» газетера. Беран бос хийцабалазчу хенахь (сан пхи шо дузаза дара), халкъан мостагI вина, махках ваьккхинчу суна а, сан нийсархошна а моьттура вайн нохчийн йоза цкъа а хила а ца хилла. Шайн махкахь шайн маттахь доьшучу, ирсе доьлуш, дехачу казахийн берашка хьуьйсуш, ца девллачу денна цаьрга ладоьгIуш, цаьрца ловзуш лелачу тхан кегий дегнаш сингаттамечу ойланийн йийсарехь дара: кхарна санна, тхуна гур дуй-техьа тхешан махкахь дахар, тхешан маттахь дешар?… Тхан хиллий-техьа, хир а йуй-те литература?… Хир буй-техьа поэташ, йаздархой? Оха цкъа а йоьшур йуй-техьа нохчийн маттахь йазйина байташ, дийцарш, повесташ, романаш? Оцу муьрехь тхуна бодашкара серло хилла къегира Алма-Атахь нохчийн маттахь арадала доладелла «Къинхьегаман байракх» газет. Цуьнга йазбалар дIадолалуш хиларх лаьцна хаам «Казахстанская правда» газетехь айса бешча, сихха почте а вахана, тхаьшна а, гергарчарна а пхи-ялх газет йаздира ас.
ХIетахь и ойланаш а, дегайовхонаш а Жамалдин а, дуккха а кхиболчу цуьнан нийсархойн а яра.
Ж.Махмаев вина 1939-чу шеран 14-чу мартехь Грозненски кIоштарчу БердакIел йуьртахь. 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь нохчий, цхьамогIа кхидолу халкъаш а махкахь даьхна, Казахстане а, Йуккъерчу Азин республикашка а дIадахийтинчохь къизалла а, харцо а, шело а, сийдайар а лайра. Казахстанехь Джамбулски областерчу Чуйски районехь Амангельды йуьртахь Iийра. Цигахь деша вахана, казахийн маттахь хьоьхуш хиллачу школехь итт класс чекхйаьккхира. Амма 1957-гIа шо чекхдолуш шаьш цIадаьхкича, Жамалдис уггаре а хьалха лехнарг нохчийн маттахь арадолуш долу «Ленинан некъ» газет дара. Цуьнан гIоьнца сихха нохчийн йоза Iамийра казахийн школа чекхйаьккхина волчу Жамалдис.
Болх бира БердакIеларчу «Советская Россия» колхозехь а, Грозненски кIоштан «Заветы Ильича» газетехь а. Дийшира Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь а, Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан заочни отделенехь а. Дешар а, шайн йуьртахь школехь йуьхьанцарчу классийн хьехархочун болх бар а цхьаьнадалийра.
Дешна ваьллачул тIаьхьа кхаа шарахь эскарехь гIуллакх дира. Цигара цIавеача, кхин белхан меттигаш ца лийхира цо. Кхочушхилира Жамалдис дукха хенахь дуьйна шега сатийсинарг. Иза «Ленинан некъ» газетан редакце дIаийцира кхузткъалгIа шераш чекхдовлуш.
Редакцехь промышленностан отделехь а, культурин отделехь а йуьхьанца корреспондентан, цул тIаьхьа культурин отделан заведующин а болх бира Жамалдис. Оцу муьрехь цуьнца оцу отделехь цхьаьна болх беш бара массо а бевзаш болу поэташ, йаздархой Эдилов Хасмохьмад, Кусаев Iадиз, Шайхиев Iалвади, Алиев Iальви.
Отделан болх тобарехь дуккха а гIуллакхаш дира Жамалдис. Йукъайалийра керла рубрикаш, теманаш. Материалаш йазйаран хатI а шен башхалла йолуш дара цуьнан. Уьш газетдешархо дика кхеташ а, йеша дог доуьйтуш а хуьлура. Цхьа а кIоршаме агIо ца хуьлура цо йазйинчу статьяшкахь. Коьртачу декъана цо йаздора дешарх, литературах, культурах, искусствох лаьцна. Уьш гIуллакх довзарца йазйина а, кIорггера чулацам болуш а хуьлура. Бакъду, цуьнан балхахь алссам гучуйуьйлура кхоллараллин агIонаш. Газетехь кест-кестта зорбатухура цуьнан байташ а, дийцарш а, публицистикин статьяш а.
Ала деза Жамалди Казахстанехь школехь доьшуш волчу хенахь дуьйна байташ йазйеш хилла хилар. Уьш меттигерчу газеташа зорба а тухура. Берашна лерина йолу цуьнан дуьххьарлера «Маликат» цIе йолу книга арайелира 1969-чу шарахь. Берашна лерина цо арахецна иттех сов книга: «Маликат школехь», «Со Соскин Солса ву», «Мамин сурт», «Самукъане абат», кхиерш а.
Жамалдин произведенеш дахар, школан болх, доьзалера йукъаметтигаш дика йовзарца йазйина йу. Цара хьоьхура, берашкахь кхиадора ийман, гIиллакх, оьздангалла, Даймохк дукхабезар, къоман гIиллакхаш ларар.
70-чу шерашкахь йуха а ша вехачу йуьртарчу школе балха дIавахара Жамалди. Ша дуьнен чохь йаьккхинчу хенан тIаьххьарлера де тIекхаччалц берашна нохчийн мотт а, литература а хьийхира цо. Амма цунах тоам ца беш, Жамалдис хаддаза лоьхура берашна дешар Iаморан керла гIирсаш, кепаш. Йуьхьанцарчу классийн дешархошна нохчийн меттан аьзнаш Iаморехь мехала маьIна долуш хилира цо кечйина «Самукъане абат». Цул сов, Жамалдис йазйина, арахийцира 5–7-чуй классийн дешархошна лерина йолу нохчийн меттан учебникаш.
«Ленинан некъ» газетан редакцера дIаваьлла, школе балха вахача цо ца хадийра зорбанца хилла зIе. Шуьйрачу хаамийн гIирсийн агIонашна тIехь, къаьсттина «Даймохк» газетехь, кест-кеста арайуьйлура цуьнан Iилманан-методикин а, критикин а, публицистикин а, кхийолу а материалаш.
Жамалди республикехь гIараваьлла вевзаш а волуш, башха хьехархо, къона тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангалла йолуш кхетош-кхиорхо вара. Цуьнан белхан зеделларг Iамо, къоначу хьехархошна довзийта, цо болх бечу школехь кест-кестта вовшахтухура районан а, республикин а семинараш, кхидолу цхьаьнакхетарш. Цигахь Жамалдис гулбеллачарна дуьйцура берашна дешар Iаморан шен кепех, школел арахьа дешархошца дIахьочу дуьне, дахар довзийтаран, къоначу тIаьхьенехь ийман, гIиллакх-оьздангалла кхиоран балхах лаьцна.
Ткъа и гIиллакх, оьздангалла, нохчалла Жамалдин дагца, цIийца йара. Цкъа а хезар дацара иза аз айдина вистхуьлуш, массаьрца а цхьабосса кIеда-мерза вара, нагахь санна накъосташна юккъехь ша забар йахь а, иза оьзда, цхьанна а халахетар ца деш, хуьлура цуьнан. Шен произведенех лаьцна къамел хилча, цкъа а цо уьш хастош хезар дацара, ткъа ша оцу гIуллакхехь эхь хеташ, ийзалуш хир вара. Даима а хуьлура шеца къамел деш волчунна хала ца хетийта гIерташ.
ДагадогIу суна, тхо редакцехь цхьаьна болх беш долчу хенахь (60-гIа шераш чекхдовлуш йа 70-гIа шераш дуьйлалуш) зуда йалийра Жамалдис. Цхьа-ши де даьлча со волчу а веана, цо хаийтира тхан белхан накъостий чукхайкха шена лаар. Ас накъосташна бовзийтира цуьнан лаам. Барт хилира тIедогIучу шоьтан дийнахь Жамалди волчу дахана, иза а, нускал а декъалдан. Амма пIераскан дийнахь редакцина хьалхара сан машен йадийра. Иза цхьа-ши сахьт даьлча Октябрьски районехь трамвайн аьчган бIогIамах тоьхна, гIодайуккъехула саттош, чIогIа йохийна, схьакарийра. ШолгIачу дийнахь балхахь берриге а соьга шайна халахетар хоуьйтуш бара. (Оцу хенахь республикехь машенаш кIезиг хилла хиларна иза йадор а, йохор а доккха зулам лорура). Цхьамма а ца хьахадора Жамалди волчу хьошалгIа дахар. Накъостийн вовшашка дистхилар а дара халла хезаш. Массо а суна хала ца хетийта, со ларван гIертара. ТIаьххьара а ас Жамалдига хаьттира: «Хьо волчу дахарх лаьцна цхьамма а дош а ма ца олу, иза дIадаьлла?» Жамалди цIийвелира. «Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, хьо волчохь иза хьахор хьуна хьо цаларар хетар ду моьттуш, иза кхин ца дуьйцуш, дита а, цкъачунна ца гулдала а сацам бина оха». Кхузахь а гайтира Жамалдис шен оьздангалла, гIиллакх. «Жамалди, – хаьттира ас, – вайн цхьаьнакхетарна цIахь кечам биний? – Бина, жоп делира Жамалдис. – Йохийнарг машен бен йац. Кхин оццул шиъ йохийнехь а, бина барт кхочушбан беза». Иштта Жамалдина нускал далийначохь хьошалгIахь хилира тхо.
Республикехь берашна дешар Iамор кхиорна йоккха хазна йукъайилларна а, дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а Ж.Махмаевна елла «Знак Почета» орден, «Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 20 шо кхачар» аьлла йолу мидал. Цунна иштта цIераш техкина «Хьехархочун-методистан» а, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволчу хьехархочун» а, ткъа иштта «Россин Федерацин халкъан дешаран отличникан» цIе лелош а вара.
Амма Жамалдина уггаре а доккха а, мехала а совгIат дара цунна йелла А.Кадыровн орден. Цунах чIогIа дозалла а дора цо.
«ХIокху деношкахь кхелхина Махмаев Жамалди, вевзаш волу берийн йаздархо, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо», – иштта кадам зорбатуьйхира «Даймохк» газето 2014-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 4-чу дийнахь.
Дуьйцийла йоццуш, Ж.Махмаевс йоккха хазна йукъайиллина нохчийн дешар Iаморна, литература, журналистика кхиорна. Цуьнан хьуьнарийн хьакъболлу мах хадор а, цуьнан сийдар а хир дара, нагахь санна Жамалдис шен дерриге а дахарехь болх бинчу школин а, БердакIел йуьртарчу цхьана а ураман а Ж.Махмаевн цIе тиллича.
С.МАГОМАЕВ