Вайн сийлаллаш

Нохчалла – АллахI-Дала нохчашна делла ниIмат

Нохчалла. Маца, муха, хIунда, мичара йукъабаьлла Нохчалла боху кхетам? Дуккха а эзарнаш шераш хьалха, Iаламан буьрсачу хьелашкахь, дахаран-Iеран вуно халачу хьелашкахь нохчи шен «зила» тIехь латтош йолчу йерриге а мехаллех кхоллабелла Нохчалла кхетам. Муьлххачу а бакъволчу нохчичунна: «Нохчалла йац хьоьца» аларал доккха эхь ца хилла, тахана а хила ца дезара. Вер гIолехь лерина вайн ширачу заманахьлерчу дайша «Нохчалла йац хьоьца» олучул.

Нохчалла кхетамна йукъадогIу нохчичун сий, эхь-бехк, гIиллакх, йахь, оьздангалла, собар, стогалла, ийман, и.д.кх. Нохчаллин орамаш дукха кIорга а, ондий а, чIогIа а ду. Бакъволчу нохчичун цIийца йу Нохчалла. Вайн къоман башхаллин бух бу Нохчалла. Иза нохчийн дахаран кеп, идеологи йу. Цуьнан дуьхьа даха а деза, къийсам дIабахьа а беза, лаккха корта а айъина. Шеца нохчалла йерг цхьана а хьолехь осала лелар вац, харцлуьйр вац, пис хир вац, кура а хир вац. Муьлхха а зулам динарг Нохчаллех хедаш ву.

Нохчаллин гурашкахь ша латтон хьакъ ву нохчи ву ша бохуш мел верг, мел лакхарчу даржехь хиларх, шен мел боккха хьал-бахам хиларх, ша мел кIоргера Iилма долуш хиларх. Нохчаллех коьртаниг ду адамаллех цавалар, стогаллех цавалар, Iеха цавалар, кура цавалар, осала цавалар. Шен Даймахкахь, дайн кхерчахь, дайн Iадаташца кхиийна волчу бакъволчу нохчичуьнгахь нохчаллин билгалонаш – къонахалла, майралла, оьздангалла, комаьршалла, доьналла ца хила йиш йац. Бакъволчу нохчичо цкъа а йамартло йийр йац, тешнабехк бийр бац, шена йина вас йуьтур йац (бекхам ца беш), зулам, ницкъбар ловр дац, шалхо лелор йац, харцдерг дуьйцур дац, иза кIилло а, осала а хир вац.

Нохчалла деккъа сий хилла Iаш дац. Иза оьздангалла, доьналла, майралла, йахь, комаьршалла, нийсо хилла Iаш а йац. Иза дийнна дуьненехьежам бу, дахаран кеп йу. Иза туьйранашна, жайнашна, турпалаллин хьуьнаршна тIехь кхоллайелла а йац. Нохчаллехь оьгIазалла а, цабезам а, жахьталла а, тIом бан гIертар дац. Мелхо а Нохчалла идеологи къаьсташ йу машар, маслаIат дезарца, эсала, кIеда-мерза хиларца, лаьттахь а ца кхоллалуш, стигалахь кхоллайелча санна. Иза, баккъал а, АллахIа нохчийн халкъана делла ниIмат, дина совгIат ду, дуьненахь кхолладеллачу йа кхоьллинчу цхьана а хIуманах тера а доцуш.

Оццул боккха ницкъ, хазалла, бIешарашкахь ларйелла чIагIалла а, оьздангалла а йолу Нохчалла Делера бен хуьлийла а дац. Дала, дуьнен чу хIорд хьаьддачул тIаьхьа, Нохь-пайхамарехула (Делера салам хуьлда цунна) адамашна дина совгIат ду иза. Шегахь и Нохчалла долуш хилла иза. Цо дуьненахь кхоьллина Эхь-бехкенан шатайпа къепе, АллахIана йезаш йолу.

ХIара (махрен) рынкийн зама тIекхачале, массо а хIума а ахчанца дустуш доцучу хенахь Нохчаллин законаш оьшуш дара хене довла.  Кхоллалуш хиллачу хьелашка хьаьжжина, вуно чIогIа оьшуш нислора Нохчаллин законаш. Масала, лаьмнийн буьрсачу хьелашкахь арахь висина хьаша гIоро йа акхароша йа талорхоша вен тарлора. Цундела хьаша тIеэцар, цунна хьошалла дар, кхача балар, цуьнга садаIийтар деза, сийлахь лоруш хилла нохчаша. Хьошаллин гIиллакх лелор а Нохчаллех дакъасто йиш йоцуш ду.

Иштта, лаьмнашкара некъаш, некъан тачанаш гаттий а, кхераме а, дIасахьийзаш а хилла. Оцу хьелашкахь некъаца дIасалалеш берш вовшашца кIеда-мерза а, гIиллакхе а, къинхетаме а, вовшашна некъ буьтуш а, гIо деш а хилла. Некъан гIиллакх а Нохчаллин законех ду.

Нохчалла ларйечара Iаламат чIогIа беза лоруш хилла дешан мах. Бакъволчу нохчичун дош массо а хIуманал деза хилла а ду, хIинца а ду. Дош – цо чIир йуьтуьйту. Дашо муьлхха а дов, маслаIат деш, дерзадо. Дашо тIом сацабо, вас дIайоккху, доьзал цхьаьнатуху. Стеган, къонахчун дашо нис ца деш цхьа а хIума дац. Къуръана тIехь дуй баарал чIогIа, тешаме хилла къонахчун дош. Шен дешан да хилар – иза а йу Нохчалла.

Ширачу заманашкара таханлерчу дийне кхаччалц нохчийн аьтто баьлла шайн мотт, амал, цIий, иэс лардан, и дан ницкъ кхаьчна шайн доьналла, стогалла, собар, майралла бахьана долуш. Нохчийн кIант бераллехь дуьйна шен цIа, мохк, маршо ларйан йеза бIаьхо санна кхиош хилла. Дукха ширачу заманашкахь дуьйна нохчаша вовшашна тIекхаьчча: «Марша вогIийла!» олуш хилла. Маршо йезаран йоккха билгало хилла иза. Майра хилар, муьлххачу хенахь а мостагIчух лата кийча хилар – иза Нохчалла йу. Маьрша хилар, цхьаннах а возуш цахилар, цхьанна а несалахь цахилар – иза а йу Нохчалла.

Нохчалла кхетамца догIуш дац йукъараллехь харцо лелор, хьал долчара къечарна инкарло йар, уьш атта хетар, могаш-таза  верг эгIазчух цавашар. Цундела ца хилла бакъйолчу нохчашна йуккъехь элий а, йалхой а. Бакъду, лай хилла вайна йукъахь. Амма уьш нохчий ца хилла, цундела Нохчалла бохург царах хьакхалуш хилла дац.

Ур-атталла тахана а, муьлхха а нохчи йиш йолуш а ву, декхар а ву муьлххачу а нохчичун хIусаме ваха, иза мел лакхарчу даржехь велахь а. Иштта, хила дезаш а ду вай Нохчалла ларйеш делахь. Вайна йукъахь цкъа а хилла дац, сийсаз а хилла, цхьанна хьалха коьртара куй баккхар. Нохчаша цкъа а, цхьаьнгга а хIумма а ца йехна, шайн сий дойъуш. Цхьа а айвина а ца лелийна. Стагана хьеставалар, Нохчаллин кхетамехь уггаре а эхье а хIума ду. Иза данне а догIуш дац Нохчаллица! Шегахь Нохчалла йерг маьрша ву массо а хIуманах, шел лекха Веза-Воккха АллахI а, Цуьнан Элчанаш а, пайхамарш (Делера салам-маршалла хуьлда царна) а, бен ца лору цо. Нохчаллин кхетамехь массо а цхьабосса ву, цхьа а цхьаннал лахара а вац, лакхара а вац, стагехь мел доккха Iедал, дарж, бахам хиларх. Иза йу Нохчалла!

Хан-зама йаларца, социальни-экономикин хьелаш хийцадаларца доьзна цхьадолу гIуллакхаш, Iадаташ йукъара дIадовлуш, хийцалуш ду, цо боккха эшам бо Нохчаллина. Къаьсттина доьзалан мехаллашна Iаткъам бо белхазалло. Нохчийн доьзалехь даима а доьзалан корта, доьзал ларбархо, напха латториг хилла лаьттина да. Доьзална тIехь урхалла деш хилла цо. Дас аьлларг массара а деш хилла. Ден лаам – закон хилла. И санна болчу доьзалера жуккарш, маларчаш, осала нах бовлуш ца хилла.

Ткъа тахана вайн доьзалашкарчу божарех дикка дакъа бан болх боцуш ду.  Оцу хьолехь доьзална напха латто арайолу цуьнан зуда, берийн нана. Дукха хьолахь, базарахь махбеш хуьлу. Сарралц болх бича, кIадлой, халла когаш тIехь лаьтташ, цIа кхочу иза. ЦIа кхаьчча – цIахь массо а хIума дан дезаш хуьлу. Оцу хьолехь ден шен берашка а, шен хIусамнене а «хIара де, важа де», – ала йиш ца хуьлу. Цуьнга сий-ларам ца хуьлу. Цо аьлларг дIора мехала а ца хета. ТIаккха оцу доьзалехь вовшашца гIиллакх лелор лахло. Халахеташ делахь а, вайн таханлерчу дахарехь наггахь нислуш ду иштта бакъдерг. Доьзалан да напха латториг волчуьра дIаваьлча хуьлуш а ду. Оцу доьзалехь Нохчалла хуьлийла дац.

Нохчалла – иза эхь-бехк хилар ду. Шеца нохчалла йерг цкъа а, цхьанна а хьалха а ша тоьлаш хилар, шен хьал-бахам хилар гайта гIертар вац, цхьанна а хьалха ша хестош къамел дийр дац. Иза эхье а, осала а ду.

Шегара майралла, доьналла, комаьршалла, хьуьнар, ийман, дикалла гайта гIертар Нохчаллица догIуш дац. Нохчаллин дакъош долу уьш цхьанна а кхайкхо оьшуш дац. Везачу АллахIана шен и дика амалш гуш хилар кхачаме хила деза бакъволчу нохчичунна.

Хьайна дезаш дерриг кхечунна дезаш дуй хаар, хьайл гIийлачунна гIо дар, цуьнан сий-ларам бар, гIайгIабар, царна даима а гIо-накъосталла дан лууш хилар – Нохчалла йу. Къаьсттина аьхна, эсала хила веза зударшца, берашца, эгIазчаьрца. Цомгашчарна, хьовзам, бохам хиллачарна орцах волуш, дийнатийн, акхаройн, олхазарийн гIайгIа беш хила веза бакъволу нохчи.

Иштта, Нохчаллех ду хьаннех, хих, Iаламах кхоамца пайдаэцар, цIано, къепе ларйар. Везачу АллахIа кхоьллина долчу хIокху дуьненахь мел долчу хIуманан тIалам беш, хама беш хила веза нохчи, жехIала, кхетам боцу стаг санна а ца лелаш.

Нохчалла йолу стаг АллахI-Делах бен кхоьруш хила ца веза, Цо хьарам динарг дIатоттуш, хьанал динарг лелош. Кхидолчу дерригенца а Кхоьллинчо хьо зуьйш ву. Цундела Нохчалла ларйеш болчарна магийна дац лолла лелор. Цунна дойтуш ца хилла нохчаша шайна тIехь олалла йа кхерамца а, йа ницкъаца а. Ур-атталла луьрачу тоталитарни хенашкахь а нохчаша шайн синмаршонна, сийнна, оьздангаллина тIекхийдуьйтуш ца хилла. Иза даре дан дезна оьрсийн йаздархочун Солженицын Александран а.

Нийсо а, жоьпалла а Нохчаллин дакъош ду. Цундела нийсонна тIера вала мегар дац. Нийсо йоцчохь Делан бакъонаш ларйеш йац. Нохчаллехь волчу стагана дика хаьа харцо Далла йезаш цахилар. Цундела даима а шен дагах, эхь-бехках дагаволуш, цара боххург деш хила веза. Харцонан агIо лаьцнарг Нохчаллех хедаш ву, иза йуха Нохчалле ца воьрзу ларамза йа гIалат ваьлла йа шен сакIезгаллина лелийнарг дIа ца нисдича.

Нийсонна тIехь волу стаг даима а массо а хIуманна тIехь жоьпалле хир ву. Иза харцонна тIехваьлла дIагIур вац, шен ницкъ кхочург ца деш.

Везачу АллахIана а йезна йу боху цIеналла. Боьха лелаш волу, мало йеш волу стаг – ша-шен ца лоруш верг ву. Ша-шен ца лерина ца Iаш, цо шена гонаха берш а, шен гергарнаш а, шена хийранаш а ца лору.

Нохчий дукха хенахь дуьйна бевзаш бу цIано йезаш хиларца, оьзда леларца, исбаьхьачун чам дика бовзарца. И йерриге а дикаллаш Нохчалла тIарикъата чуйогIуш йу. Нохчалла шеца йолу стаг, цхьа а шеко йоцуш, дешар, Iилма дезаш хила везаш ву. ХIунда аьлча, хаарш а, Iилма а доцу стаг, хIокху заманахь муххале а, шеца кIез-мезиг а мехалла йолуш вац. Нохчаллехь волу стаг, ша деша а доьшуш, кхечаьрга, къоначаьрга а, баккхийчаьрга а дешийта гIайгIа беш хила веза, царна Iаткъам бан йолчу шен таронех пайда а оьцуш. Цунна шен хаарш а, хаамаш а дIабала хаа деза. ХIунда аьлча, хIокху дуьненахь дукха баккхий, нуьцкъала ницкъаш бу, жехIалчу нехан кхетам ца хиларх пайда а оьцуш, олалла дан лууш.

ГIазотехь волу стаг (Дин а, Бакъо а ларйаран къийсамехь) хаддаза шен хаарш карладохуш, тIедузуш, вонна, зуламна, ницкъана, харцонна Веза а, Сийлахь а Волчун некъана новкъарло йеш долчу массо а хIуманна дуьхьал латта лууш хила веза.

Нохчаллех ду АллахI везар, Цунна Iамал-Iибадат дар, ийманехь хилар. Баккъал а АллахI веза веза, дагца, сица, ойланца. ЦIархазмана, нахана гайтархьама суьрташ хIиттон маггане а мегар дац. Иза хьарам ду. Иза зулам ду. Доккха къа ду. Нохчалла йолу стаг даима АллахI шен даг чохь латтош хир ву.

Ийманехь волу стаг даима а гIиллакхе, кIеда-мерза, аьхна хир ву даима а, массо меттехь а, массаьрца а. Нохчаллин ца хилча йиш йоцу билгалонаш йу уьш. Ткъа кIоршаме, къийсаме, карзахе, эхь доцуш, сийсаза хилар Нохчаллица дан йиш йолуш дац. Делахь-хIета, Нохчалла вуно доккха жоьпалла а, декхар а, сийлахь дарж а хилла ца Iаш Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа нохчашна дина башха совгIат ду, Цо делла НиIмат а ду. АллахIа Нохчаллехь чIагIдойла вай, бакъдолу нохчий!

Нунуев Сайд-Хьамзат, историн Iилманийн кандидат

(Нохчийн матте а йоккхуш, зорбане кечйинарг – С-Хь.ДАДАЕВ)